Чулацаман тӀегӀо

ТӀо

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ТӀо

ТӀоорганикан йоцу, буьртиган, 5 мм сов (европин стандарташца — 3 мм кхоччуш) барамера буьртиг болу сорса хӀуманаш, йоккху ломан породаш жагӀа а, тархаш а охьуш[1], цуьнца цхьаьна йоккху делларан а, чухоаман а породаш йа кондици йоцу маьӀда (металлургийн промышленностан Ӏаьржа, беса, нилха металлаш) а, кхечу промышленностин декъан металлин доцу маьӀда а туодо ломан предприятийн совйевлларш, тӀаьхьа ахьаран сурсаташ даржадарца.

ТӀон йуккъера чордалла — 1,2 - 3 г/см3.

Стандартан:

1. 3 - 8 мм; (евротӀо)
2. 5 - 10 мм;
3. 10 - 20 мм;
4. 20 - 40 мм;
5. 25 - 60 мм;
6. 20 - 70 мм;
7. 40 - 70 мм;

Стандарт йоцу:

1. 5 - 10 мм
2. 10 - 15 мм
3 15 - 20 мм
4. 70 - 120 мм
5. 100 - 300 мм
Иранаш алсама долу тӀо

Ира буьртагийн барам — ира буьртигаш процентаца берриг тӀох мел бу гойту параметр. ТӀо йукъара чӀапа а, ира а кепаш йолу буьртигаш барамехь хуьлийта. Буьртигаш чӀапа а, ира а кепаш йолуш лору, нагахь стоммалла йа шоралла бохаллел кхузза а, сов а беха бацахь. Буьртагийн кепашца тӀо кхаа тобане бекъало:

Тоба ЧӀапа а, ира а
буьртагийн барам
I къубкепара до 10 %
II тобина 10-15 %
III ма-барра 15-25 %
IV 25-35 %

Хаа деза, иралла — тӀон уггаре ладамечух амал хилар. Къубкера тӀо чӀогӀа дика охьатаьӀа.

Нагахь тӀон буьртигаш чӀапа йа ира делахь буьртигаш йукъахь херолаш дукха йуьсу. Бутобетонан иэдарш дечу хенахь, цара вовшахтосу компонентан харж алсама йойту. Цул сов, къубкепара буьртигаш алсама чӀогӀа ду, чӀапа а, ира а буьртигел. Цигара схьа, къубкепара тӀо бутобетонан иэдаршкахь лелабар экономикин агӀора гӀоле ду.

ЦӀерпошт а, автомобилан а некъаш дохкуш лелабо ира буьртигаш алсама болу тӀо, хӀунда аьлчи цуо хи дика дӀахуда.

Шелонан дуьхьала латтар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ТӀон шелонан дуьхьала латтар дусту гӀоронан а, бастабаларан а циклца. Шелонан дуьхьала латтар дуста магадо саьнгалмуьста натрийн циклан берамца а, бакъабаларан барамца а. Шелонан дуьхьала латтарца тӀо бекъало маркашна: F15, F25, F50, F100, F150, F200, F300, F400. ГӀишлошйарехь коьртаниг лелабо тӀо шелонан дуьхьала латтар F300 (гӀорабаран а, бастабаларан а 300 цикл) кӀезиг боцу.

ТӀон чӀогӀалла йусту, иза схьабаьлла ломан тайпа Ӏовдарца, цилиндр чохь охьатаӀийча атабаларца, йаьсса вотан чохь хьийзича баабаларца. Оцу гайтамаша тӀулган материалан дуьхьалонан сурт хӀоттадо новкъа йоьду транспортан гӀирсо Ӏаткъам баран а, новкъан конструкции йечу процессехь механикин Ӏаткъам барна а (охьабиллар а, катокашца батор а).

Маркане хьаьжжина тӀо боькъу тобанашка: тӀехчӀогӀа М1200-1400, чӀогӀа М800-1200, йуккъера чӀогӀаллин М600-800, гӀийла чӀогӀаллин М300-600, техгӀийла чӀогӀаллин М200.

ТӀон йукъахь гӀийлачу тайпанийн буьртагийн барамийн норма лелайо, хих буьзначу хьолехь схьабаларан тайпанан чӀогӀаллин доза 20 МПа кхаччалц. 8267-93 ГОСТца М1400, М1200, М1000 маркийн тӀон йукъахь, гӀийлачу тайпанийн буьртигаш хила йиш йац 5 % сов, М800, М600, М400 маркийн тӀон йукъахь 10 % сов, М300 а, М200 а маркийн тӀо 15 % кӀезиг.

Уггаре дукха оьшуш хуьлу мокхазан тӀо чӀогӀалла М1200 йолу, кӀезго лелайо тӀехчӀогӀа мокхазан тӀо йа базальтан тӀо чӀогӀаллин маркица М1400-1600. Коьртаниг иза лелабо йеза лакхарачӀогӀаллин бетонаш йеш, тӀайн бухара конструкцешкахь а, фундаменташкахь а.

ТӀон радиожигаралла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ТӀон радиожигаралла — амал йу, цунна тӀиера буьйлало тӀо хасто йохк-иэцархой. Нагахь муьлххачу а гӀишлошйаран белхашна тӀо мегаш хила безахь, ткъа иза тӀечӀагӀдина хила деза сертификаташца а, санитаран-эпидемиологин тешаллашца а, леррина лабораторийн талламашца а,тӀаккха иза бохург ду, берриг латтош болу мокхазан тӀо а, кхин тӀехчӀогӀаллин тӀо а йукъабохуьйту радиожигараллийца I-ра классан (радионуклидийн декъан эффектан Ӏаламан жигаралла Аэфф хила йеза 370 Бк/кг). Йуьрташна йукъахь некъаш дахка дика бу радиожигараллин II классан тӀо (Аэфф хила деза 740 Бк/кг).

ТӀон буьртагийн тайп-тайпана кепаш хуьлу, лещадалле хьаьжжина. ТӀехуло церан шога хуьлу, цундела уьш дика тасало цементан-гӀамаран берамах бетон йаран процессехь.

3-8 а, 5-20 а, фракцин тӀо лелабо бетон йеш а, бетонах гӀирс беш а. 20-40 фракци дукха хьолахь лелайо гӀишлойн бух буттуш (буха буьллу «гӀайба» санна), ткъа 25-60 а, 40-70 а фракцеш лелайо некъаш дохкуш.

25-60 фракцин тӀо лело таро йу йеккъа цӀерпоштнекъан балластан чкъоьран (ГОСТ Р 54748-2011). ГӀишлошйарехь лелайо, ГОСТаца 8267-93, кхин тӀон фракцеш.

ТӀон тайп-тайпана кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мокхазан тӀо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мокхазан тӀо — и тӀо ондачу ломан породан буьртиган хӀоттам болуш бу, Дуьненахь уггаре баьржина бу иза. Мокхазан тарх йаккхийчу кӀоргенашкахь дакъаделла магма ду. Лаьтта дика кхиинчу аренан шпатан, кварцан, слюдан кристаллех. ЦӀиен, ровзанан, сира бос хуьлу, цунна йукъахь долу шпатега а, слюдага а хьаьжжина. Тарх дохадо дукхах дерг монолитан тарх оьккхийтий, тӀаккха охьа машенаца, ткъа схьабаьлла тӀо луьтту фракцешца. Иза тӀаьххьара мур бу тӀо баккхаран.

Мокхазан тӀон фракцеш
  • 0-5 мм (мокхазан дӀакъастор-ЩПС) — мокхазан тӀон уггаре кегийра фракцеш йу, нисса дӀа хьаьжчи — тӀо бац иза, ткъа тӀо кечбеш сов йаьлларг йу. Лелабо декоративан гӀирс санна пенаш кечдеш, кхин а некъашна, берийн а, спортан а майданашна тӀе йухку; бетонах хӀума йеш туху, масала «йилина бетонан» тӀехулонца;
  • 0-10 мм (ЩПС)
  • 5-10 мм — уггаре кегийра коммерцин лело фракци. Лелайо бетон а, цунах конструкцеш а йеш фракцин хӀоттам оптимум йеш бетон йузархьама, масала тхов тӀе йохку экъанаш опалубка а йоцуш йеш;
  • 5-20 мм (иэйина фракцеш 5-10 а, 10-20 а) — хьашт хилар уггаре дукха ду. Лелайо бетон йеш а, цунах конструкцеш йеш а, бух буттучу белхашкахь, тӀайн конструкцеш йуттучехь, тӀайн дегӀ, некъ, аэродроман къовламан бух беш а;
  • 20-40 мм — йуккъера фракци. Лелайо бетон а, эчигбетонан конструкцеш а йеш, трамвайн асанаш а, автонекъаш а, цӀерпоштнекъаш а дохкуш, бух буттуш а, белхан гӀишлош йуттуш;
  • 25-60 мм — фракци, лелайо цӀерпоштнекъаш дохкуш;
  • 20-70 мм, 40-70 мм — йоккха фракци, лелайо бетон йеш, цунах йаккхий конструкцеш йеш, баккхий чухоаман бетонан белхаш беш. Лелайо кхин а йуьтан йукъара некъ буьллуш, белхан гӀишлош йуттуш;
  • 70-120 мм, 120—150 мм, 150—300 мм — чхар, лелабо меттиг йузуш, габионашкахь, декоративан Ӏалашонна, дукха хьолахь керташ, хиш, бассейнаш кечйеш.

Иза стандартан, мокхазан тӀон алсама хуьлу иштта йолу фракцеш лелоран хьесапаш ду, амма хӀоранна а царна шортта лелоран варианташ йу.

Техникин амалашца мокхазан тӀо чӀогӀа (марка 800—1200) а, тӀехчӀогӀа (марка 1400—1600) а, гӀуоролех ца кхоьру (марка 300—400) а, лахара чӀапалла (5-23 %) а, 1 классан декъан эффектан жигаралла йолуш бу Аэф (370 Бк/кг кӀезиг).

Мокхазан дика хьолаш бахьнехь, цунах гӀарабаьлла гӀишлошйаран гӀирс хилла. Иза дика лакхарамаркан бетон йузаран гӀирс бу. Мокхаз иштта лелабо декоративан тӀулг санна. Иза хила тарло сира, цӀиен, ровзанан бесара а, кхин а шортта бесаш хила тарло, шарбича хуьлу хаза куьзга санна къегина. Мокхаз коьртаниг лаьтта аренан шпатан, кварцан, слюдан кристаллех, церан барамо Ӏаткъам бо тӀулган бесан.

ЖагӀнах бина тӀо — жагӀа тайп-тайпана фракцешка (3-10 мм, 5-20 мм, 5-40 мм, 20-40 мм) охьуш кхочу тӀо.

ЖагӀнах бина тӀо лелабо фундаментан белхашкахь, бетонашна, Аьчка-бетонан гӀирсаш беш, некъаш дохкуш.

  • ЖагӀнах бина тӀо — иза жагӀа охьуш, йа кхечу муьлххачу механикин хьесапца кеггийна тӀо бу, цуьнан 2 йа сов агӀо каггийна тӀулгаш ду.
  • ЖагӀа — кеггийна а доцуш, йа цхьаьна агӀора кеггийна, дукхах дерг, эрках йа хӀордах схьабалар долу гоьрга тӀулгаш ду.

ЖагӀнах бина тӀон иштта фракцеш йу: 3-10 мм, 5-20 мм, 5-40 мм, 20-40мм.

Кир-маьӀдан тӀо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кир-маьӀдан тӀо болу коьртаниг кальцитах (карбонат кальция — СаСО3) лаьтта охьахуу ломан порода кир-маьӀда аьхьчи.

Кир-маьӀдан тӀо (наггахь цунах киран йа долмитан тӀо а олу) — коьртачу тайпанех тӀон тайпа ду, иза жагӀан йа мокхазан тӀо санна, лелабо некъ билларехь, ткъа кхин а эчиг-бетонан гӀирсаш беш а. Иштта лелон магабо дренаж йеш, нагахь цуьнан дикка чорда структура йелахь.

ШозлагӀа тӀо

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ШозлагӀа тӀо гӀишлошъярехь йисина нехаш — бетон, кибирчиг, асфальт аьхьча кхочу. Стандарташ йийцина ГОСТ 25137-82. Иза боккхуш лелабо кхечу кепара тӀо боккхуш болу гӀирс, процесс лаьтта хӀокху коьртачу тӀегӀанех: Хьалха гӀишлошйаран нехаш тӀейуттучуьнца бункер чуйухку, цул тӀаьхьа оцу машено кегйо даккхий дакъош тӀона, цул тӀаьхьа йукъара металлан кийсагаш схьалахьайо (металлоломан), кхин дӀа тӀо фракцешка боькъу (сорташка бекъанза тӀо дика оьцу).

ШозлагӀа тӀон дикал��а — механ байн хилар, йуккъера барам иза шозза бораха бу мокхазанчул. Иза беш энергин харжаш кхечу кепашца йуьстича 8-за кӀезиг хила а тарло. ШозлагӀа тӀо йузурган лелош хилчи бетонан шен мах 25% охьаболу.

ЧӀогӀаллица, шелонан духьала латтарца, кхечу цхьайолчу амалашца шозлагӀа тӀо оьшу кхечу натуралан гӀирсах бинчу тӀонал, амма шуьйра лелабо иза:

  • баккхийра бетон йузурган меттана чӀогӀалла 5…20МПа а йолуш;
  • некъан бахамехь (некъан тӀебухкуш, охьавуссийла йеш, федералан статус йоцу некъашна лахара чкъоьран);
  • меттигаш тоечу белхашкахь (силам биллина майданашна, гӀашлойн некъашна буха);
  • гӀийла бух чӀагӀбеш (инженерийн машанийн саьнгарш, гӀишлойн оьрнийн бух);

Йукъан тӀо боккху охьайоьхкина металлургин йукъ йа лерина кечйина цӀераца лалийна йукъ охьуш (боьттина йукъан тӀо). ХӀинца кечйина, лелайо гӀишлошъярехь тайп-тайпана кепара бетонаш йузуш. Йукъан тӀох бинчу гӀирсийн мах 20-30 % кӀезиг бу ламастачул.

Буьртигийн боккхалле хьаьжжина тӀо бекъало фракцешка: 5-10, 10-20, 20-40, 40-70, 70-120 мм. йукъан тӀон буьртагийн хӀоттам, кхечу кепара йузургийн санна, хоржу минимум йесалла хилийтархьама. Уггаре лахара тӀекӀела йоьхкинчу тӀон хӀора фракцин луьсталла хуьлу 1000 кг/м3. ЧӀапакепара йа мехакепара тӀон йукъара буьртигаш: къубкепара — 15 % сов хила йиш йац; тойина — 25 %; гуттара санна — 35 %. Ишттачу буьртагийн дохалла кхоъ а, сов а хуьлу шен стоммаллел йа шораллел.

Луьстачу дӀайоьттинчу йукъанца цхьаьна могӀара тӀо беш лелайо газ совйаьлла лалораш долу хийра йукъ. ДӀайоьттинчу хийра йукъан чӀогӀалла 2,5-40 МПа; йуккъера луьсталла декъехь хуьлу 400—1600 кг/м3, цуо таро ло тӀекӀела йоьттинчу тӀон луьсталла 800 кг/м3 а, кхин кӀезиг а, лелайо йайн бетонаш йеш.

Йукъан тӀо лелийна ца Ӏа цементан бетонан йузург санна, амма иштта некъаш дахкарехь бух чӀагӀбеш а, силам-бетонийн некъ буьллуш а лелабо.

ТӀон чӀогӀаллин марка

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йукъан тӀон чӀогӀаллин амал гойту марко. Йеза бетон йузуш лелош болу доменан йукъах бина тӀон чӀогӀаллин пхиъ марка йу:

М1200 маркин тӀо лело мега М400 а, кхин йоккха а, М1000 — М300 маркин, М800 – М200 маркин, М600 — М200 лахара маркин бетон йеш. Лахара маркийн тӀо лелабо иштта лакхара чӀогӀаллин бетонаш йуттуш, амма оьшу таллам а бина йа техникин-экономикин жамӀ дина.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Щебень // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.