Буной
Арахьара хатӀ
Шира тайп | |
Буной | |
---|---|
Кхин цӀерш | Бунихой, Бунахой, Буни |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | ЧӀебарлой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан чӀебарлойн диалект |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк ЧӀебарла |
Буной (Бунихой, Бунахой, Буни) — ЧӀебарлой тукхам йукъадогӀу, ЧӀебарлойх схьадаьлла нохчийн тайп. Декъало Акхарш, Цагур гаранашка[1]. Тайп схьадаьллачу ломан эвлан цӀе Буне йу.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀе схьайаьлла «бун» дашах.
География
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бунахуо йа Буне– Макажан къилбехьара, Садуо эвлан къилбаседехьара саьлнаш йу[2]
Бунойша йехкина эвланаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Буной эвла – лаьттина Хули а, Жалкх а эркашна йукъахь, Таьллинг эркан тӀехь, бахархой оьрсаша кхалхийра Йоккхачу Нохчийчоьнан эвланашка[3].
- Iуспан-йурт – 1857 шеран 20 январехь оьрсаша эвла йоккхуш, йерриг хӀаллакйина, бахархой ницкъала кхалхийна керла Курчалой-ГӀала[4].
Топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бунахойн жиелашка — Бунин къилбаседехьа. Оцу басехь латтош хилла Бунойн жаш[5].
- Бунин хьехе – ЦӀонтарой эвлан йистера меттиг[6].
- Хехойн Буние – Пхейн-Махкахь йу, пхейша «Хахабо» олу[7].
- Буни (3619 м) – ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан ломан бохь, лаьтта Баксан а, Гижгит а эркашна йукъахь, орониман цӀе нохчийн а, балкхаройн а меттанашкахь цхьа маьӀна долуш йу[8].
ГӀарабевлла Бунойн векалш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Наиб Тарам — Iуспан-йуртан пхеа бӀе тӀемлойн баьчча. 1847 шарахь Соьлжан наибаллин наиб хилла. ДӀавоьллина Курчалой-ГӀалахь).
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 257.
- ↑ Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
- ↑ Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 258.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 306.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 678.
- ↑ Твёрдый, 2008, с. 68.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006.
- Мамакаев М. А. Чеченский тайп в период его разложения. — Грозный: Чечено-Ингуш. кн. изд-во, 1973.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Ильясов Л. Чеченский тайп: мифы и реалии. // Вестник «Лам», Бюллетень Международного общественного и культурного центра «Лам», № 4(8). — Грозный, 2001. (Отрывок из работы Архивйина 2020-01-09 — Wayback Machine, по материала�� Всерос. науч. конф. Москва, 19-20 апреля 2005).
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ибрагимова З. Х. Чеченцы в зеркале царской статистики (1860—1900)(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Чеченские тейпы и тукхумы — частный сайт А. Шнайдера.
- Чеченские тейпы — частный сайт А. В. Такаева.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |