Чулацаман тӀегӀо

ГӀебартойн-Балкхаройчоь

43°35′00″ къ. ш. 43°24′00″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Республика (пачхьалкх)
ГӀебартойн-Балкхаройн Республика
гӀебарт.-чергаз. Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ
кхарач.-балк. Къабарты-Малкъар Республика
Байракх[d] ХӀост[d]
Байракх[d] ХӀост[d]
Гимн Кабардино-Балкарии
43°35′00″ къ. ш. 43°24′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Адм. центр Нальчик
Корта Коков Казбек
Правительствон председатель Мусуков Ӏалий
Парламентан председатель Татьяна Егорова
Истори а, географи а
Кхоллар 1936 шеран 5 январь
Латта
  • 12 500 км²
Сахьтан аса MSK (UTC+3)
Бахархой
Бахархой 868 350[1] стаг (2020)
Официалан меттанаш гӀебартойн-чергазийн, кхарачойн-балкхаройн, оьрсийн[2]
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 RU-KB

Официалан сайт
ГӀебартойн-Балкхаройн Республика картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш


Арахьара аудиофайлаш
ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан шатлакхан илли (Инс.)
ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан физикин карта

ГӀебартойн-Балкхаройчоь (Кабарди́но-Балка́рия; гIебар.-чергаз. Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ; кхарач.-балк. Къабарты-Малкъар Республика) — Российн Федерацин[3] республика[4], субъект, Къилбаседа Кавказан федералан гуонан йукъайогӀу. ГIебартойн-Балкхаройн республикин меттанаш гIебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а[5].

Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан йукъайоьду, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду[6]. Коьрта шахьар — Нальчик гӀала.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин, цуьнан берриг махкахь гӀебартойн, балкхаройн, оьрсийн пачхьалкхан меттанаш ду[7].

Дозанца лаьтта: малхбузехь — Кхарачой-Чергазийчоь, къилбаседехь — Ставрополан мохк, малхбузехь а, къилба-малхбузехь а — Республика Къилбаседа ХӀирийчоь, къилбехь — Гуьржийчоь.

Кхоьллина 1921 шеран 1 сентябрехь ГIебартойн автономин область аьлла. 1922 шеран 16 январехь — ГIебартойн-Балкхаройн автономин область. 1936 шеран 5 декабрехь йина автономин республика (ГӀебартойн-Балкхаройн АССР). 1992 шарахь дуьйна — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика

Физикин-географин амал

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Марка «ГӀебартойн-Балкхаройн АССРн 50 шо». Пошта ССРС 1971 ш.
Российн Банкан иэсаллин ахчан агӀо

ГӀебартойн-Балкхаройчоьн республика йу Кавказан къилба макробасен йуккъерчу декъехь. Республика йекъна йу кхаа коьрта геоморфологин зонашна — ломан, ломан кӀажан, аренан. Ломан а, ломан кӀажан а зонаш дӀалоцу субъектан доккхаха долу дакъа. Аренан зоно дӀалоцу республикин къилбаседа-малхбален дакъа.

Республикехула вовшенца нисса Йоккхачу Кавказан 5 коьрта рагӀ йу: Дежийлин (йа Киран), Хьуьнан, Тархийн, АгӀонтӀиера, Коьрта (йа Хидоькъу).

  • Уггар лекха меттиг: Эльбрус лам (5642 м), уггар лекха бу Россехь, Кавказехь, Европехь.
  • Максимум йохалла къилбаседера къилбехьа: 167 км;
  • Максимум йохалла малхбузера малхбалехьа: 123 км.

Республикера климат тайп-тайпана йу. Лаьмнашкахь хиларна, республикехь вертикалкепара асалла йу. Аренашкахь а, ломан кӀажошкахь а тӀуьна континенталан климат йу, иза лаьмнашкахь хийцало субарктикан климатца. Кхин дӀа лекхачу лаьмнашкахь хийцало альпийн кепара климатца. Январан температуран йуккъера барам бу −2°С (аренашкахь), −12 °С (лаьмнашкахь), июлан 25°С а, 5°С а. Йочанийн шеран йуккъера барам бу 500 – 2000 мм.

Республикин аренашкахь (масала Прохладнин кӀоштан Прохладни гӀалахь а, Майскин кӀоштахь) бараман континенталан климат йу семиаридан климатан амалашца.

Аренашкахь Ӏа шен абсолютан лахарчу температурашца шийла ду ломан кӀажошкахь йолчу йарташкахь, гӀаланашкахьчул (Нальчик), республикин минимум температурин рекорд хоттийна 2012 шеран 8 февралехь Прохладни гӀалахь, гӀалин метеостанцехь температура охьаелира −29.5 °C, оццу хенахь Нальчикехь температура охьа ца йелира −27 °C лаха.

Аьхке аренашкахь чӀогӀа йовха хуьлу, шолгӀа дакъа тӀех йовха.

Июнь — уггар тӀуьна бутт бу, дукха йочанаш хуьлу, тӀех йовхо июнехь ца хаало (+37°С).

Июлан хьалхара дакъа июнан шолгӀачу декъах тера ду, амма декъо ду. Июлан шолгӀачу декъехь хаало лакхара температураш. Уггар бовха мур — июлан чеккхе — август. Аренашкахь июлан температура сих-сиха хьалайолу +38 °C сов, 2000—2016 шерийн муьрехь июлан температуран максимум хаайелла Прохладнехь 2000 шеран 28 июлехь, оцу дийнахь +40.7°С йара. Нальчикехь оцу дийнахь хӀаваъ дохделира +38.3 °C кхаччалц.

Август — аренашкахь дукха хьолахь шеран уггар бовха бутт хуьлу, аренашкахь августехь йочанаш хаъал кӀезиг хуьлу, июлехь йа сентябрехьчулла а. Аьхка йочанаш кӀезиг хилар бахьнехь татолийн система лелон йезаш хуьлу йуьртабахаман латташна хитохархьама. Августехь температурин максимум сих-сиха айало +38…+40 °C бараме. 21 бӀешарахь августан уггар лакхара температура хааелла 2006 шеран 8 августехь Прохладни гӀалахь — оцу дийнахь гӀалин метеостанцин максимум хилира +40.9 °C

Экосистема

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Аренашкахь ду Iаьржа латта а, Ӏаьржа-боьмаша латта а, ломан басешкахь — ломан-байн.

Хьаннаш лоцу мехкан 1/10 дакъа. Хишшан тогӀенашкахь гӀадолу хьаннаш йу. 800—1600 м лакхахь — шуьйрагIадолу хьаннаш (алсама попан), 2200 м — баганан (алсама зоьзан). 2000 сов м лакхахь йу лаьмнийн цанаш (тайп-тайпана суланан а, кенийн а).

Йекхашйолчех йаьржина дийнаташ: цхьогал, чагӀалкх, борз, боьра ча, салор, лу, нал, сай, кавказан масар, дегIастанан хьех. Олхазарех уггар даьржинарш — цӀирцӀирхьоза, пеночка-весничка, акха котам, лекъ.

ГӀебартойн-Балкхаройчохь йу къоман парк «Приэльбрусье», ГIебартойн-Балкхаройчоьнан лекха лаьмнийн заповедник[8] а, 11 пачхьалкхан заказник а.

Пхи эзар метр лекха баххьаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Хьажа иштта: ГIебарта, Балкаройчоь

Вайн заманан республик кхоллале, цуьнан латтан тӀехь йара шиъ историн области — ГIебарта а, Балкхаройчоь а. ГӀебарта лаьттара шина олаллех: Йоккха ГӀебарта а, Жима ГӀебарта а, цара лоцуш хилла таханлерчу республикин аренан а, ломан кӀажан а дакъа, ткъа иштта ломан а, лаьмнийн баххьашкара а зонаш Балкх хин а, цуьнан геннийн а лакхенашкара. Балкхаройчоь екъна хилла пхеа ламан тайпанашка, лоцуш хилла, коьртаниг, республикин ломан а, лаьмнийн баххьашкара кӀошташ.

1921 шарахь ГӀебарта а, Балкхаройчоь а Йуккъерчу Кавказан кхечу историн областашца йукъаягӀара Ломан АССР. 1921 шеран 1 сентябрехь ГӀебартойн гуо арабаьлла Ломан автономин республикин чуьра, ткъа тӀехьа 1922 шеран 16 январехь цунна тӀехьаягӀара Балкхаройчоь.

ГIебартойн-Балкхаройн автономин область кхоьллира 1922 шарахь, 1936 шарахь цунах йира АССР.

Сийлахь Даймехкан тIом болуш ГӀебартойн-Балкхаройчохь кхоьллира Скорохода А. Ф. куьйгаллехь волу 115-гIа ГIебартойн-Балкхаройн дошлойн дивизи, цуо тӀом бира Кавказ йаккхаран тӀамехь а, Сталинградан тӀамехь а. 1942 шарахь республикин доккхаха долу дакъа Нальчикца цхьаьна Германин куьйгакӀелахь лаьттира. 1943 шеран январехь ГӀебартойн-Балкхаройчоь шаерг мукъайаьккхира мостагӀчух. 1944 шарахь балкхарой махкахбахар бахьнехь цӀе хийцира ГIебартойн АССР аьлла, 1957 шарахь — йуха а ГӀебартойн-Балкхаройн АССР хилира. 1992 шарахь — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика.

1950-гIа а, 1960-гIа шерашкахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь йина яккхий промышленни машенашъяран, гӀирсашбаран предприятеш. 1990 шарахь промышленностехь балхахь бара 96,3 эз. стаг[9].

2008 шарахь Российн Банко арахецна ГӀебартойн-Балкхаройчоьн лерина иэсаллин ахча[10].

Республика ню шен байракх, хӀост, шатлакхан илли.

ГӀБР Конституцехь хӀост дешийн (можа) эрзун сурт ду. Эрзун накхан тӀехь декъна турс ду, лакхахь — детийн (кӀай) шиъ бохь болу лам сийначу аренахь, лахахь — дешийн (можа) кхоъ дехуо гӀа баьццарчу арахь.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Пачхьалкхан байракхан кӀади ду цхьатерра доккха ана асанаш: лакхарниг — сийна, йуккъерниг — кӀай, лахарниг — баьццара басахь. КӀадин йуккъехь — гуо, хадийна сийна а, баьццара а асанца; сийна асан тӀехь — Эльбрус ламан сурт ду кӀайчу басахь.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Пачхьалкхан шатлакхан илли йу гӀебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а къаьмнийн эшарийн интонации а, беснаш а лелош кхоьллина йолу даккхийдеран музыка. Шатлакхан Иллехь дешнаш дац. Музыкин автор — Карданов Хьасан[11][12].

Росстатан терхьашца республикин бахархойн барам бу 868 350[1] ст. (2020). Бахархойн луьсталла — 69,64 ст./км² (2020). ГӀалийн бахархой — 51,93[13] % (2017).

Бахархой 2010 шеран барам,
стаг[14]
2002 шеран барам,
стаг[15]
1989 шеран барам,
стаг[16]
ГӀебартой 490 453 (57,2 %) 498 702 (55,3 %) 363 494 (48,2 %)
Оьрсий 193 155 (22,5 %) 226 620 (25,1 %) 240 750 (31,9 %)
Балкхарой 108 577 (12,7 %) 104 951 (11,6 %) 70 793 (9,4 %)
Туркой 13 965 (1,6 %) 8 770 (1 %) 4 162
ХӀирий 9 129 (1,1 %) 9 845 (1,1 %) 9 996 (1,3 %)
Эрмалой 5 002 5 342 3 512
Украинаш 4 800 7 592 12 826 (1,7 %)
Корейш 4 034 4 722 4 983
Цигонаш 2 874 2 357 2 442
Чергазий 2 475 725 614
ГIезалой 2 375 2 851 3 005
Азербайджанаш 2 063 2 281 2 024
Нохчий 1 965 4 241 736
Гуьржий 545 1 731 2 090
ГӀазгӀумкий 1 462 1 800 1 587
Немцой 1 462 2 525 8 569 (1,1 %)
ГӀалгӀай 1 271 1 236 664
Кхарачой 1 028 1 273 1 202
Шайн къам ца дийцинарш 2 269 15 0

Билгалдаккхар: таблицехь гайтина 2010 шарахь 1000 сов стаг волу къаьмнаш.

Билгалдаккхар2: кхин адыгаш санна дукха а гӀебартоша 2010 шеран дӀаяздаран компанехь гайтира шайн экзоэтноним — «чергази».

Боьршанаш-стенаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2010 шеран Российн халкъдагардаран болх[17]:

Хан Божарий,
ст.
Зуларий,
ст.
Барам,
ст.
Дакъа
массо а бахархойх, %
0 — 14 шо 84 068 80 834 164 902 19,2 %
15 — 59 шо 274 148 302 840 576 988 67,1 %
60 шерал баккхийра 43 559 74 490 118 049 13,7 %
Массо а 401 775 458 164 859 939 100,0 %

Божарий — 401 775 ст. (46,7 %). Зударий — 458 164 ст. (53,3 %).

Бахархойн йуккъера хан — 35,3 шо. Бахархойн медианан хан — 32,8 шо.

Божарийн йуккъера хан — 33,4 шо. Божарийн медианан хан — 30,8 шо.

Зударийн йуккъера хан — 36,9 шо. Зударийн медианан хан — 34,9 шо.

Нах беха пункташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Бахархойн барам 10 эзар сов стаг волу нах беха пункташ
Нальчик 239 583[18]
Еха-ГӀала 58 083[19]
Баксан 37 782[19]
Нарткала 30 497[19]
Майски 26 831[19]
Тырныауз 20 551[19]
Дыгулыбгей 20 387[19]
Терк 19 426[19]
Чегем 17 957[19]
Нартан 12 813[20]
Исламей 11 707[19]
Заюково 11 586[19]
Чегем ШолгӀа 11 374[19]
Шалушка 10 989[19]
Хьасанья 10 829[20]

Административан-лаьттан декъадалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан административан-лаьттан декъадаларан карта

«ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин административан-лаьттан хӀоттамах» цӀе йолчу ГӀБРан Законаца, иза РФ ю шена йукъа хӀара административан-лаьттан дакъош долуш: 3 республикин куьйга кӀелара гӀала, 10 кӀошт.[21]

Республикин муниципалан хӀоттаман гуран чохь, ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан административан-лаьттан дозанчохь кхоьллина муниципалан кхолламаш: 3 гӀалин гуонан, 10 муниципалан кӀошт.[22]

Республикин коьрта гӀала — Нальчик, иза иштта йоккха экономикин йукъ йу Къилбаседа Кавказан, пачхьалкхехь коьртачех цхьаъ курорт ю федералан маьӀна долуш.

ЦӀе Административан
центр
Бахархой,
ст.
Республикин маьӀна долу гӀаланаш (гӀалийг гуонаш)
1 Нальчик Нальчик 264 924[19]
2 Баксан Баксан 58 169[19]
3 Еха-ГӀала Еха-ГӀала 58 083[19]
КӀошташ (муниципалан кӀошташ)
1 Баксанан кӀошт Баксан 62 634[19]
2 Зольскан кӀошт Залукокоаже 49 460[19]
3 Лескенан кӀошт Анзорей 28 981[19]
4 Майскин кӀошт Майски 38 713[19]
5 Прохладнин кӀошт Прохладни 45 195[19]
6 Теркан кӀошт Терк 50 715[19]
7 Урванан кӀошт Нарткала 72 862[19]
8 Чегеман кӀошт Чегем 68 971[19]
9 Черекан кӀошт Кашхатау 27 637[19]
10 Эльбрусан кӀошт Тырныауз 35 910[19]

Республикин экономикин бух — юьртабахам (ялташ (кIа, хьаьжкIа, борц), техникин ораматаш (маьлхан хӀуш, к1омал), даьхнийлелор (шуран-жижиган тайпана), ткъа иштта хьунхьакхар.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин жима а, йуккъера а предпринимательствон инфраструктура кхиоран гуран чохь йехкира цхьа маша бизнес-инкубатораш, церан Ӏалашо — ГӀБРан жима а, йуккъера а предпринимательствон кечйина офисийн а, производственни а гӀишлош ялар мехах льготашца. Кхоьллина дика болх беш ю кхоъ бизнес-инкубатор: офисийн а, производственни а гӀишлош луш йолу Нальчик гӀалара пачхьалкхан урхалла "ГӀебартойн-Балкхаройн бизнес-инкубатор, шиъ муниципалан офисийн бизнес-инкубаторш йу Прохладнехь а, Баксанан кӀоштахь а. 2012 шеран Республикин ВРП барам хилира 94,2 млрд сом.[хьост?]

Промышленность

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Республикехь болх беш йу 200 сов промышленни предприяти[23]. Майски гӀалахь ю Россехь коьртачех рентгенан гӀирс беш йолу ООО «Севкаврентген-Д». Терк гӀалахь «Терекалмаз» заводехь деш ду шайн синтетикан алмазаш а, церан бух тӀехь лакхара нийса болу алмазан гӀирс а. Арахоьцучу продукцин йукъахь бу геолого-талламан а, ломанмаьӀданийн а предприятешна беш болу алмазан бурун гӀирсаш (баттарчий, сто, шорйийрирш); алмаз доьллина гӀирсаш (прецизионан фасонан роликаш, къоламаш, яхканаш, гуран чуьра алмазаш), машенашъяран а, металлтодаран а шаръяран алмазан гӀирс (нийса профилан АЧК гуонаш, кхин а); тӀулгтабаран а, гӀишлошъяран индустрин а алмазан хадоран а, шарбаран а, Ӏаламан тӀулг, бетон, асфальт къагоран (алмазан паста, кхин а) а гӀирс (хадон сегментийн тӀулгаш, фрезаш, аьлханаш, мешнийн херхаш, кхин а). Тырныауз гӀалахь йу йохк-эцаран GIPSELL маркан продукци ешйолу завод «Каббалкгипс», иза гӀишлошъяран гӀирс баран а, бохкаран а бух тӀехь лаьтта.

Кхуьуш йу электроэнергетика, регионехь болх беш йу масех гидроэлектростанци, 2010 шеран нуьцкъалла — 126,6 МВт, ток йаккхар 478 млн кВт•с шарахь:

  • Аушигерски ГЭС (60,0 МВт; 222,0 млн кВт•с шарахь),
  • Кашхатау ГЭС (65,1 МВт; 241,0 млн кВт•с шарахь),
  • Баксански ГЭС (27,0 МВт; 125,0 млн кВт•с шарахь),
  • болх беш ю масех кегийра ГЭС (нуьцкъалла 5,5 МВт, ток йаккхар 14,9 млн кВт•с шарахь),
  • йеш йу Зарагижски (28,8 МВт[24]) а, Верхнебалкарски а ГЭС (15,6 МВт),
  • хьехош йу «Голубые озёра» ГЭС (до 110 МВт) йар, проект йеш йу Сармаковскан ГЭС (17,6 МВт, 74,5 млн кВт•с)

Йуьртан бахам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2020 шеран 1 январехь йуьртан бахархой бара 416 эзар стаг, ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан 48% бахархой.

2021 шарахь ораматашкхиоран сурсатийн индекс йара 113%, даьхнийлелоран сурсаташ – 106%.

Даьхнийлелор

2021 шеран 1 февралехь массо бахаман категорин 274,5 эз. корта йаккхий маӀаш йолу даьхний (+2,3%), царех 138 эз. корта бежний (+3,6%), уьстагӀий а, гезарий а 401 эз. корта (+2,9%), олхазарш 3,9 млн корта (+5,4%). [25]

2020-чу шарахь массо а категорин йуьртабахаман сурсаташ арахоьцучара даьккхина 537,5 эзар тонн шура (+4,5%). Йуьртабахаман организацешкахь 2019-чу шарца дуьстича, хӀора бежана луш йолу шура 12,6% алсамйаьлла, 6334 кг кхаьчна. 2020-чу шарахь ГӀебарта-Балкхаройчохь 151,3 млн бюджетан ахча хьажийна ма-дарра шурин даьхнилелорехь сурсаталла лакхайаккхархьама массо а категорешкахь йолчу бахамашна субсидин кепехь, цу йукъахь 140,7 млн сом федеральни бюджетера а долуш.

2021-чу шеран хьалхарчу 4 баттахь республикехь даьхна шура 135,6 эзар тонне кхаьчна, стохкалерчу оццу муьрца дуьстича, иза 4,7% алсам ду. Цул сов, 2021-чу шеран январь батте кхаччалц алсамдаьлла бахаман дийнатийн коьрта тайпанаш. Цу кепара, уьстагӀийн а, гезарийн а терахь алсамдаьлла 3,8%, бежанийн - 3,6%[26].

Йалташ лелор

Цара кхиадо йалташ (кӀа, мукх, борц, хьаьжкӀа), даар, промышленностан (маьлхан хӀуш а, кӀомал) йалташ, картолаш а, хасстоьмаш а, кхаш а.

2021 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан бошмашлелорхоша кхиийна 535,5 эзар тонн стоьмийн-цӀазаман сурсаташ, царех хӀун культураш 490,1 эзар тонн, лагнаш долу культураш – 40,5 эзар тонн. Стоьмийн-цӀазамийн культураш тӀекхетар доьзна дӀайеран майданаш сов йовларна. ГӀебартойн-Балкхаройчоь масех шарахь хьалхий-тӀехьий йукъайоьду Российн топ-5 регионийн стоьмаш-цӀазамаш дӀадеран боларца. 2021 шарахь дӀайийна дуккха шерашкахь кхуьу ораматаш майданахь 1500 га. Царна йукъахь голубика йийна 50 га майданахь. Импортан меттана Российн субъекташка хӀиттайо 400 эзар тонн сов тайп-тайпана стоьмаш а, цӀазамаш а. 2022 шеран 1 январехь йерриге стоьмаш Ӏалашден меттигаш - 185,8 эзар тонн сурсаташна йу, царех 2021 шарахь йина 35,4 эз. тонн [27].

2021-чу шарахь Чегеман кӀоштахь йерриг а шарахь ораматийн сурсаташ арахеца лерина 100 гектар майда йолу теплицийн комплекс йарна лерина инвестицийн проект кхочушйан йолийна. Хьалхара мур, 37,6 гектар майда йолуш, дӀаболо лерина бу 2023-чу шеран хьалхарчу кварталехь - шарахь 20 эзар тонн гергга барамехь теплицийн помидораш кхио лерина йу. 62,4 гектар майда йолу шолгӀа мур дӀаболор бу 2024-гӀа шо чекхдолуш — лардечу латтанаш тӀехь ораматийн сурсаташ арахеца лерина ду шарахь 49,2 эзар тонн барамехь[28].

2022-гӀа шо тӀекхачале ГӀебартойн-Балкхаройчохь бераш кхиоран теплицийн комплекс йоло дагахь йу «Эко-Культура» холдинг, теплицийн ораматийн уггар йаккхийчех йолу. 100 гектар майданахь кхиор ду цӀазамаш. Проектана инвестицеш хир йу 14 миллиард сом, йухадерзоран хан йалх шо гергга йу[29].

2020 шерашкахь массо а бахаман категореш гулдина стоьмаш а, цӀазамаш а 517,3 эзар тонн (+48 %), кемсаш 18,1 эзар тонн (+57,1 %), хасстоьмаш 2936 эзар тонн (-21,7 %), картол 1807 эз. тонн (-7,8 %), кхоьш 57,9 эз. тонн (-29,5 %)[30].

2020-чу шарахь массо а категорешкахь йолчу бахамашкахь йалта а, хьаьжкӀаш а гулйина йозаллехь 1193,3 эзар тонн, йалта дара аьхьначул тӀаьхьа (+5%). Цу йукъахь 155,8 эзар тонн кӀа (+4,3%), 965,6 эзар тонн хьаьжкӀаш (+4,2%). Мукх 618 эзар тонн, сула 36 эзар тонн, цӀен дуга 1,2 эзар тонн. Маьлхан зӀакарийн йалта 298 эзар тонн, сула 87,4 эзар тонн, рапс 30,3 эзар тонн[31].

ДӀайеран майданаш:
шо 1959 1990 1995 2000 2005 2010 2015 2020
эз. гектар 326[32] 325,3[33] 316,8[33] 308,7[33] 290,9[34] 291,1[34] 289,6[34] 294,6

Оьздангалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Нальчикера оьздангаллин тӀаьхьенан объект — ГӀебартойчоь Россех дӀатохаран 400 шо кхачаран сийнна иэс — ГӀебартойн-Балкхаройчоьн Республикин лерина 2001 шеран Российн поштан марка (ЦФА [АЙ «Марка»] № 646)

Наьртийн эпосан оьздангаллин тӀехьено дахьа доккха маьӀна республикин оьздангаллин. XX бӀешеран тӀеххьарчу итт шарахь республикин оьздангаллин политика йина Российн, федералан оьздангаллин а, искусствон а концепцех уьйр ца хаддош, тергойеш башхаллашна, дуккха а къаьмнаш долу ГӀебартойн-Балкхаройн къоман оьздангалла кхиаран халонашна. «Росси оьздангалла» цӀе йолчу федералан Ӏалашонан программо хаъал кхетам белла даймехкан оьздангаллин кханенна[35].

XX бӀешеран чеккхенгахь ГӀБР айаделла шайн кхоллараллин хьашт, 90-гӀа шераш долалуш къоьлла дӀаяьлла, оьздангалла керлачу рынкан хьолах дола дан делла. Нагахь 1999 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь 1440 кружок хиллехь, 2001 шарахь церан барам совбелира 1560 кхаччалц, хаалора оьздангаллин-садаӀаран меттигаш алсама йовлар. Оьздангаллин-садаӀаран тайпа кхолламийн барамца ГӀБР 78 меттигехь йу Российн Федерацин субъекташлахь. XX бӀешеран 90-гӀа шерийн ГӀБРан этносан музыкин оьздангалла кхиаран башхаллаш[хьост?].

Дукхахйолчу йарташкахь Оьздангаллин цӀенош бен ца хилира шорта функцеш йолу оьздангаллин центраш, церан хьоло гайтора хӀокха, вукха йартийн оьздангаллин дахаран тегӀа. Таханлера къаьмнийн оьздангалла кхиоран болх — фольклоран этнографин центраш йахкар.

Доккха маьӀна долуш ду шайн кхолларалла лакхарчу тегӀанехь кхиор, 90-гӀа шерашкахь ГӀБРехь ца хеддаш дӀахьуш йу республикин эшарийн а, хелхаран а халкъан ансамблийн, адыгийн а, балкхаройн а халкъан иллиалархойн фестивалаш, къаьмнийн ловзарш, регионашкара говзаллаш хийцаран оьздангаллин фестивалаш, смотраш — хореографин говзаллин, халкъан музыкин гӀирсийн оркестрийн къийсамаш, К. Каширгован цӀарахчу къоман пондар лакхархошна кечйира тематикан программа «Музыкин ГӀебартойн-Балкхаройчоь».

Муниципалан оьздангаллин кхолламийн белхашкахь кӀоштан социооьздангаллин специфика лоруш дика тенденцеш хилира мероприятеш йарехь. Баксанан кӀоштан оьздангаллин кхолламашкахь шуьйра даьржира фольклоран фестивалаш, смотраш, къовсамаш дар. Зольскан кӀоштехь хааделла фольклоран тобанаш а, ансамблаш а тӀекхетар. Урванан кӀоштан оьздангаллин отдело жигара баьккхина шайн болх фольклор Ӏалашйарехь а, кхиорехь а. Изза Ӏалашо хӀоттийра фольклоран Центран Псынабо йуьртахь. Теркан кӀоштахь дика терго йора берашций, кегийрхошций болчу балхана, Черекан кӀоштехь — жигарабаьлла гӀиллакхаш, Ӏадаташ дендарехь а, Ӏалашдарехь а болу болх, Чегеман кӀоштехь — дӀахьо къоман рузманан ловзарш, фольклоран коллективийн смотр-конкурсаш, халкъан эшарш лакхархойн фестивалаш[хьост?].

1980-гӀа шераш дуьйлалуш шуьйра даьржира йартийн, гӀалийн, кӀоштийн деза денош. Уьш ду ГӀалин денош, ГӀебартойн-Балкхаройн йаздархойн юбилейш йазйар, хьалхелелорхой базбеш къоман ловзарш дӀадахьар. Гласностан а, демократизацин а керла мур болалуш дезчу деношна йукъадало дуьйлира культан Ӏадатийн йукъараллин гуттар хьалха дицдина долу деза денош. Дукха хьолахь уьш довзийтаран мероприятеш йара, профессионалийн а, шешкхоллайелла а коллективаш хиттош: хьалхара хершан деза де; кхъуейпллъыжькӀэрыщIэ (кхагийна нехча хьалаоллар) спортан ловзаршца, совгӀаташца, уьш хиттадора кӀант вича а, кхечу дуьненан рузман дезчу терхьашца (1 май, 7 ноябрь, кхин а); Навруз даздар. Къоман йукъахь лела гӀиллакхаш, деза денош, Ӏадаташ, уьш дӀадахьаран кепаш дика довзаро аьтту бо гучудаккха оьздангаллин-довзийтаран кхолламаш гулдинарг.

Ӏидин башхалла, адамийн Ӏидин йукъаметтиг лаьтта гармоница ийна шина хотӀан йукъаметтигах: говзаллехь хуьлу тӀех билламе а, практикехь реал ма-йарра а. Дика дисина, амма мела а кеп хийцина доьзалан Ӏиданаша а, Ӏадаташа а. Масала, дахаран хьалхара циклан Ӏадаташ (гущэхэпхэ (бер аганан чудиллар), «дуьххьара ког баккхаран Ӏида), ловзаран Ӏадаташ. XX бӀешеран 80-90-гӀа шерашкахь дуьненан хӀуманан доьзалийн Ӏиданашна, чӀогӀа халкъан йукъадаьхкина вина йа йина денош даздар, дешар чекхдаккхар, иштта кхин дӀа а.

Адыгин вокалан оьздангалла йухакхолларехь йоккха роль йу 1996 шарахь дуьйна дӀахьуш йолу ГӀебартойн-Балкхаройн халкъан артистан Х. Кунижевн цӀарахчу адыгийн халкъан эшарийн Республикин конкурсан[хьост?]. Конкурсан Ӏалашо: меттахӀоттор Ӏадатан эшаран кхолларалла; адыгийн эшар лакхаран оьздангалла Ӏалашйар; гучубахар говза иллиалархой; кегийрхой а, бераш а кхоллараллин йукъаозор, церан говзалла айар; жанран шуьйра пропаганда; коллективийн а, шеш болу иллиалархойн а репертуар йузар.

ГӀБРан оьздангаллин баккхий векалш бу, ГӀБРан халкъан поэт, ССРСн, РСФСРн Ленинан а, Пачхьалкхан а премийн лауреат Кулиев Кайсын, ССРСн халкъан артист, ССРСн а, РСФСРн а Пачхьалкхан премийн лауреат Темирканов Юрий.

Ӏилма а, дешар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дин пачхьалкхах дӀакъастийна ду законаца цхьабосса а ду[36]. Уггаре чӀогӀа даьржина ши дин ду: ислам (суннийн некъан) а, православин керсталла а. Бусалбанийн къаьмнаш республикехь 70% сов ду[37]. суннийн некъан ислам ГӀебартчоьнан а, Балкхаройчоьнан махкахь дуьззина чӀагӀделира XVIII бӀешо чекхдолуш[38].

ГӀБР правительствон 2013 шеран хаамашца, республикехь дӀайазбина бу 176 динан кхоллам[39], царна йукъахь:

ГӀБРехь болх беш ду 152 маьждиг[40], 20 православин килс, 1 монастырь-килс, 4 часовня-килс, 1 синагога, 27 протестантийн а, 3 риман-католикийнламазан цӀенош. Динан болх бо 137 бусулбаний, 23 православин, 2 риман-католикийн, 30 гергга протестантийн динан белхалоша, 1 жугтийн молла.

Филатели а, нумизматика а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год. Росстат. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март.
  2. Конституция Кабардино-Балкарской Республики, ст. 76.
  3. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  4. Конституция КБР. РАЗДЕЛ I. корта I Основы Конституционного строя.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Конституция КБР(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Петрушина М.Н., Пуляева Д.А. и др. Кабарди́но-Балка́рия / председ. Ю.С. Осипов и др., отв. ред. С.Л. Кравец. — Большая Российская Энциклопедия (в 30 т.). — Москва: Научное издательство «Большая российская энциклопедия», 2008. — Т. 12. Исландия - Канцеляризмы. — С. 309. — 766 с. — 65 000 экз. — ISBN 978-5-85270-343-9.
  7. Конституция КБР. РАЗДЕЛ I. Глава III. Государственное устройство. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2018 шеран 1 июлехь
  8. Кабардино-Балкария. Энциклопедия «Отечество»
  9. И. Х. Тхамокова. Русское население Кабардино-Балкарии в XIX — начале XXI в.: динамика этнокультурных границ. Нальчик: Издательский отдел Кабардино-Балкарского института гуманитарных исследований, 2014. С. 108, 117
  10. Сообщение ЦБ Рф от 30 июля 2008 г. «О выпуске в обращение памятных монет»
  11. Конституция Кабардино-Балкарской Республики
  12. Гимн КБР
  13. Численность постоянного населения на 1 января (человек) 1990-2010 года
  14. Всероссийская перепись населения 2010 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации Архивйина 2013-07-24 — Wayback Machine
  15. Всероссийская перепись населения 2002 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации Архивйина 2006-11-04 — Wayback Machine
  16. Демоскоп Weekly. Приложение. Справочник статистических показателей. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Национальный состав населения по регионам России. Кабардино-Балкарская АССР
  17. Том 1. Таблица 2.2 Население КБР по возрастным группам и полу. Архивйина 2018-10-01 — Wayback Machine
  18. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  19. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  20. 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 21 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 21 сентябрехь
  21. Закон «Об административано-территориальном устройстве Кабардино-Балкарской Республики»
  22. Закон «О статусе и границах муниципальных образований в Кабардино-Балкарской Республике»
  23. Реестр промышленных предприятий КБР Архивйина 2013-11-09 — Wayback Machine
  24. "В КБР к 2013 году планируют построить две малые ГЭС". Информационно-новостной портал КБР. 19 октября 2011. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 05 апрелехь.
  25. Кабардино-Балкария увеличила производство молока на 3,5 % 10.03.2021. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 апрель. Архивйина 2021 шеран 25 апрелехь
  26. Производство молока в Кабардино-Балкарии увеличилось почти на 5% в 2021 году 01.06.2021. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 1 июнь. Архивйина 2021 шеран 2 июнехь
  27. Плоды и ягоды из Кабардино-Балкарии в рамках импортозамещения поставляются в регионы России 22.03.2022(ТӀе цакхочу хьажорг)
  28. Информация о реализации в 2021 году Государственной программы Кабардино-Балкарской Республики «Развитие сельского хозяйства и регулирование рынков сельскохозяйственной продукции, сырья и продовольствия в Кабардино-Балкарской Республике». ТӀекхочу дата: 2022 шеран 1 май. Архивйина 2022 шеран 1 майхь Архивйина 2022-05-01 — Wayback Machine
  29. «Эко-культура» вложит 14 млрд рублей в производство ягод. Проект будет запущен в 2022 году в Кабардино-Балкарии. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 28 апрель. Архивйина 2021 шеран 28 апрелехь
  30. Итоги уборочной кампании 2020 в Кабардино-Балкарии. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 апрель. Архивйина 2021 шеран 25 апрелехь Архивйина 2021-04-25 — Wayback Machine
  31. Ход уборочной кампании 2020 в РФ по областям. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 31 октябрехь
  32. Основные показатели сельского хозяйства по республикам, краям и областям // Сельское хозяйство СССР. Статистический сборник (1960). — Москва: Госстатиздат ЦСУ СССР, 1960. — С. 506. — 667 с. — 10 000 экз. (Архивйина 2019 шеран 25 майхь).
  33. 1 2 3 Госкомстат России. Растениеводство. 14.1 Посевные площади всех культур // Регионы России. Социально экономические показатели. 2002. — Москва, 2002. — С. 490. — 863 с. — 1600 экз. — ISBN 5-89476-108-5. (Архивйина 2019 шеран 19 апрелехь).
  34. 1 2 3 Федеральная служба государственной статистики. Растениеводство. 14.5 Посевные площади сельскохозяйственных культур // Регионы России. Социально экономические показатели. 2016. — Москва, 2016. — С. 726. — 1326 с. — ISBN 978-5-89476-428-3. (Архивйина 2018 шеран 24 октябрехь).
  35. Особенности развития этнической музыкальной культуры КБР в 90-е годы XX века | Архивы и общество
  36. Конституция Кабардино-Балкарской Республики от 1 сентября 1997 г. N 28-РЗ (принята Парламентом Кабардино-Балкарской Республики 1 сентября 1997 г.) (в редакции, принятой Конституционным Собранием 12 июля 2006 г., республиканских законов от 28 июля 2001 г. / Глава I Основы конституционного строя. constitution.garant.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 19 май. Архивйина 2017 шеран 23 майхь
  37. Двадцатка самых исламизированных регионов России. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 19 май. Архивйина 2017 шеран 1 июнехь
  38. ДУМ РФ. Кабардино-Балкарская Республика. www.dumrf.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 19 май. Архивйина 2017 шеран 20 майхь
  39. Религия. pravitelstvo.kbr.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 19 май. Архивйина 2017 шеран 3 июнехь Архивйина 2017-06-03 — Wayback Machine
  40. Хазраталий Дзасежев избран на новый срок | Официальный сайт Кабардино-Балкарской правды. www.kbpravda.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 19 май.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Харенко А. А. Горными тропами Кабардино-Балкарии: Спутник туриста. — Нальчик: Эльбрус, 1972. — 104, [16], [24] с. — 30 000 экз. (обл.; карташ-схемаш)

Кеп:ГIебартойн-Балкхаройчоьнан гӀаланаш