1938 шо
Арахьара хатӀ
(1938 тӀера хьажжина кхуза)
Шераш |
---|
1934 · 1935 · 1936 · 1937 — 1938 — 1939 · 1940 · 1941 · 1942 |
Итта шераш |
1910‑гӀа · 1920‑гӀа — 1930‑гӀа — 1940‑гӀа · 1950‑гӀа |
БӀешераш |
XIX бӀешо — XX бӀешо — XXI бӀешо |
Оцу шарахь хилларг
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Нохч-ГӀалгай граждански авиаотряд кхоьллина (1938 шеран 17 февраль)
- Нохчий а, гӀалгӀай а мотт латинан абат тӀера кирилице йаккха йолайина (1938 шеран 1 июль)
- 1938 шеран июлехь схьайиллина Нохч-ГӀалгӀай хьехархойн институт
- Луначарски цӀарах йолу Москвара Пачхьалкхан театран институтехь кхоьллина Нохч-ГӀалгӀайн театран студи (1938 шеран 11 август)
- Хьайиллина Оьрсийн драматически театр (1938 шеран 5 ноябрь). 1941 шарах цунна тиллина М. Ю. Лермонтов цӀе
Оцу шарахь бинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Айдаев, Юша Ахъядович (1938 шеран 20 март — 2004 шеран 1 июнь) — нохчийн Ӏилманча, филологин Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Ӏалман Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин вице-президент, Нохчийн Республикин Ӏилманийн Сийлахь гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь гӀуллакххо;
- Высоцкий, Владимир Семёнович (1938 шеран 25 январь — 1980 шеран 25 июль) — оьрсийн поэт, композитор, эшархо, йаздархо, актёр, РСФСРн Сийлахь артист, СССРн Пачхьалкхан совгӀатан лауреат;
- Гацаев Саид Сосламбекович (1938 шеран — 2012 шеран 2 декабрь) — поэт, драматург;
- Дадаев, Хамзат Юнусович (1938 шеран 21 март) — Нохчийн Республикин Халкъан художник;
- Дудаев, Муса Абдиевич (1938 шеран 16 февраль — 2014 шеран 6 август) — вевзуш волу нохчийн артист, РСФСРн Сийлахь артист, ГӀалгӀайн Республикин Халкъан артист;
- Идаев, Юсуп Шамсуддинович (1938 шеран 25 июль — 1987 шеран 5 май) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артист;
- Исаева, Тамара Мовждиевна (1938 шеран 30 декабрь) — нохчийн Х. Нурадилован цӀарах йолу пачхьалкхан драматически театран актриса, Къона хьовсархон Нохчийн пачхьалкхан театран режиссёр, Нохчийн Республикин Исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо;
- Кусаев, Адиз Джабраилович (1938 шеран 3 январь) — нохчийн поэт, йаздархо, журналист, литературин критик;
- Татаев, Илес Вахидович (1938 шеран 1 май) — кинорежиссёр, сценарист, художник, нохчийн кинематографин бухбиллинарг, скульптор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Российн Федерацин Сийлахь художник;
- Туркаев, Хасан Вахитович (1938 шеран 10 май) — нохчийн Ӏилманча, филологин Ӏилманийн доктор, профессор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ӏилманийн Сийлахь гӀуллакххо, Россий Ӏилманийн Сийлахь гӀуллакххо, СССР а, Российн а йаздархой Союзийн декъашхо, Российн лакхара говзаллийн образованин Сийлахь белхало;
- Хакишев, Руслан Шалаудинович (1938 шеран 11 июль) — театран режиссёр, РСФСРн Сийлахь артист, К. С. Станиславски цӀарах йолу Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикин Пачхьалкхан совгӀатан лауреат;
Оцу шарахь белларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ататюрк, Мустафа Кемаль (Гази Мустафа Кемаль-паша; 1881 шеран 19 май — 1938 шеран 10 ноябрь) — Турцийн реформатор, политик, пачхьалкхан гӀуллакххо, эскаран хьаьким; Турцин Республикин халкъан партин бухбиллинарг а, хьалхара куьйгалхо; Турцин хьалхара президент, таханлера турцийн пачхьалкхан бухбиллинарг.