Чулацаман тӀегӀо

Кан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кенан хӀоттаман схема
Ярезазан кан

Кан (лат. bótrys) — цхьалха заза ду, цуьнан озийначу коьртачу семан тӀехь лаьтта ша долу гӀад тӀиера цхьатерра деха зезагаш. Кан хуьлу ярезазан, кӀелхьардиган, люпинан, кхечу копастчеран. Цхьайолчу ораматийн зезагаш лаьтта семан цхьаьна агӀора, аьлчи а кхуьу цхьаьна агӀора кан (масала, чӀегӀардиган кӀа).

Кенан тӀехулара куц чӀогӀа хийцадала тарло: иза хуьлу фрондозан (тобалкх), брактеозан (ярезаза), фрондозан-брактеозан (ишалчай), дерзина (кӀелхьардиг), диллина (гиацинт), къевлина (шапталгӀен басар), дуккха зезагаш долуш (вероника), цхьа зезаг долуш (юьйш йолу кхоьш).