Чулацаман тӀегӀо

Бел

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чами белаш)

Бел, Баьхьа — куьйга охку гӀирс, дукхаха дерг лелайо лаьттаца болх беш (охкуш, цӀано йеш, тӀейуттуш), ГӀаж тӀейоьллина келап йу. Йерриг нийса белийн йукъара цӀе — ира йа «охку» бел йу[1].

Хьалхарчу заманахь белан келап дечигах (цунах баьхьа олура), даьӀахках, сайн маӀанех, кхечу гӀирсех йора. Жимма тӀаьхьа баьхьанна, чӀагӀйеш, гуонаха эчиг тухура, цул тӀаьхьа йукъайелира дийнна металлан келап.

Сурт хӀоттор а, йар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалйоккху белийн кхо коьрта класс[1]:

  • бешан (царна йукъахь къастайо — охку белаш, ор доккху белаш, универсалан белаш);
  • гӀишлошйаран (царна йукъахь къастало — ира йуьхьиг йолу охку белаш, нийса маьӀигаш йолу охку белаш, схьаоьцу белаш, схьоьцу сенаш болу белаш, маркхалан белаш);
  • тӀейутту-йассо (царна йукъахь къастайо — гӀуман чамин белаш, йалтанан чамин белаш, кӀоран белаш, металлургин белаш, породин тайпанаш, ламананмаьӀданийн белаш, лодоккху белаш).

Бел ламаста лаьтта кхаа декъех[1]:

  • коьрта белхан дакъа йа белан келап — гӀирсан лахара дакъа, цуьнца Ӏаткъам бо дехьа боккхучу гӀирсанна (латта, гӀум, жагӀа, ло, кхин дӀа а). Лакхара, нийса са бина саттийна, белан декъах «ког таӀориг» олу.
  • милк — белан келапца онда хӀоьттина дакъа, иза лаьтта келапна а, гӀажна а йукъахь (уьйр латто зӀе). Милкаш хуьлу дийнна келапца цхьаьна кепатоьхна а, тӀехӀиттийна а ша лаьтташ (келапна тӀелатайо лалийна муонца йа кӀуж-хьостамца).
  • Белан гӀаж — шина куьйга схьалаца лерина белан дакъа, иза милк чутухий, чуьра ца йилийтархьама хьостам хьовзабо. Белан гӀаж кечйо гӀа долу диттийн (дакх, мах, маьлказ, къахьшто) дечигах. Наггахь хаало пластмассин а, металлин а гӀожмаш. Пластмассин гӀаж дечиган йа металлан гӀожмел йайн йелахь а хаъал иэшам болуш йу: ницкъ бича сетта, ткъа лахара температурин хьелашкахь сиха кагло. Иштта, ло доккху пластмассин гӀаж йолу бел, кӀезиг йеха. Белан гӀожмашна лакхарчу декъехь горгалан корта хила тарло йа Т-кепаратӀам хила тарло болх бечу хенахь бел сацош.

Шира кепара белаш Россехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Стандартан баьхьа йа лара 6—14 вуьрша шуьйра а, 8—16 вуьрша йеха а хуьлу, йерриг йохалла тӀемаца 1½—1¾ аьрша хуьлу. Белаш а, ларанаш а йора дукъаха дерг мехах, кӀезиг йора хьехах а, дакхах а, кхин а кӀезиг йора наж диттах а, леганах.

Белийн тайпанаш: кертан, йа боьха, Ӏаьржа — кхаьлли, ло, иштта кхин а гулйеш йолу; пешан йа бепигдойлин, — пехло (Вологдин губерни), йалтанан — шуфля (Гроднон), ларанца, апарица аьгна, божалара а, гӀанашкара йалта гулдеш йолу, кхин а хи, тӀуналла аракхуссу; цаца (Гроднон) — жимачу барамера шуфля, цӀена йина а, йалта а, кхин дерг а хьалауоха.

Баьхьанаш бар (жоммагӀца, мангал-урсца, наггахь доккхачу уьрсца) башха кхиинера: Тверан (Вышневолоцкан уезд хӀора шарахь Николаевскан а, Рыбинскан-Бологовон цӀерпоштнекъийн хьашташна 100 000 баьхьа), Рязанан (Рязанан, Касимовн, Егорьевн уездаш), Калугин (Жиздринскан, Козельскан, Лихвинан, Мещовскан уездаш), Тамбовн, Воронежан, Саратовн (къилбаседа уездаш) губернешкахь.

Таханлера белийн тайпанаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Охку бел
ГӀашлойн бел
Чами бел
Ло доккху бел
Ло доккху шуьйра бел
  • Охку бел — чӀапа, ир��ина кепара. Лелайо йуьртан бахамехь а, латта охку белхашкахь а. лакхахь саттийна ког тӀетаӀо майда хуьлу.
  • Бешан бел — охку белал барамца жима йу. Келап нийса са болуш йу, мела а хьалха сеттина а йу. Белан гӀаж йуьххьехь пурс бина тӀам бу.
  • ЦӀанйен бел — чӀапа, йуьххьехь нийса са болуш. лелайо археологаша а, геологаша а цӀанйан — толлучу декъан тӀера семса латта дӀадоккхуш, стратиграфин чкъоьрнаш а, томмагӀаш кхечу тайпанийн йукъахь йерг ган таро хилийта.
  • Жима гӀашлойн бел йа Линнеманнан бел (дукхах дерг олу — сапёрийн бел) — эскаран окопаш йоху гӀирс, лелайо тӀеман гӀуллакххоша гӀирсашца лоччар чохь. ССРСТӀН олура МПЛ-50, аьлча а 50 см йеха. ТӀеман кепашна, ламастехь, милк нисйо гӀожаннаэчиган тӀеттӀа таӀо хӀозан гӀоьнца, чӀагӀйо хир долу хьостамца. ЧӀогӀа йоца гӀаж чаккхенехь стоммало. Таханлера кепийн тайп-тайпана конструкцеш хила тарло, царна йукъахь мокъара тухуш, пурхнехьа гӀорто меттиг йолуш, херх болуш, дӀайоьллуш зӀокберг йолуш йа метиг йан луш. Дуьненан мехкийн дукхаха долчу ТӀН кхийсархочун (гӀашлочун) экипировкин комплект йукъайоьду. Кхин а герз метана лело мега.
  • Йоккха сапёрийн бел, БСЛ-110 — мелла жима а, йайн а йу лелочу охка белал (йерриг йохалла — 110 см). ГӀаж алсама йуткъа, чаккхенгахь гоьрга стамйелла а йолуш. Келапан кеп — нийса са болуш, сенаш горгбина а долуш. ГӀаж тӀейуллу жима гӀашлойн бел санна — тӀеттӀаӀовду хӀоьзан гӀоьнца. Эскаран транспортан гӀирсашна йукъайоьду.
  • Дренажан бел
    Дренажан бел
    Дренажан бел – дукха хьолехь алсама гота хуьлу (10-15 сантиметр шуьйра), амма алсама йеха (35-45 сантиметр) цуьнца охку кӀорга саьнгарш йа оьрнаш.

ТӀейутту белаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Чами бел — кхаа агӀор йисташ хьаласаттийна бел. Семса кегийра материалаш тӀейотта йа дӀасайаккха лерина йу, масала, гӀум, кӀора, жагӀа.
  • Ламанан породашна бел — шуьйра нийса са болу, чӀагӀонан пӀендарчий долу[2] йа кхо са болу «Червонка»[3] лерина кӀорца а, кхин ламанан породашца болх бан.
  • Ло доккху бел — шуьйра келапца йолу чамин белан тайпа. Дукха хьолехь йо панерех, пластикех йа наштарх. Урамнекъ,шаршолгаш цӀандеш лело тарло скрепер — башха тӀам болу, ло доккху белал дуккха а шера келаца йолу бел.
  • Картолаш тӀейутту/йассайо белашшаданах тера йу, амма йуьххье пардош ду, кегийра чӀургаш тӀехь. Лелайо хастоьмийн базашкахь, баьхьанца цхьаьна;
  • Банин процедурийн бел — боца тӀам болу чӀапа бел. Лелайо банин массажна. БукъдаьӀахкан цамгаршна дика гӀирсех цхьаъ бу.

Схьайевлларш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Нехаш йоху эшкалнехаш йоху боцу тӀам болу бел.
  • Бепиган баьхьа — йерриг дечигах йина чӀапа бел. Лерина бепиг а, кхин сурсаташ а пеша дахка (цунна чуьра схьаэца), масала, пицца.

«Генара гергарниш»

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Юэячань (цийн. — бел-бутт, 月牙铲, yuèyáchǎn) — ламаста шаолинан дечиган цосту шийла беха тӀам болу герз, шинне агӀор веднаш йу: цхьаъ беттан кепара ирйина, важа ирйина белан кепара. Хьалха монахаша шайца белаш лелайора белларш дӀабохка, цул тӀаьхьа белах шеш ларден герз хилира. Йерриг йохалла 1800 мм, йозалла 5 кг гергга.

Белаш геральдикехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Белан сурт дара Хорезман Халкъан Советийн Республикин сурт тӀехь[4].

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 3 Мой сад, огород: всё о лопате. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 5 апрель. Архивйина 2018 шеран 3 июлехь
  2. Лопата шахтёрская — AgatInstrument.ru. agatinstrument.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 22 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 22 майхь Архивйина 2018-05-22 — Wayback Machine
  3. Лопата — MiningWiki — шахтёрская энциклопедия. miningwiki.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 22 май. Архивйина 2018 шеран 19 апрелехь
  4. Гербы Хивы. Геральдикум. В соответствии с параграфом 86, Конституции Хорезмской НСР 1922 года, отличительным знаком Хорезмской НСР являлось изображение перекрещенных серпа (урака), лопаты (бел) и веточки джугары (сорго). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 19 май. Архивйина 2016 шеран 4 мартехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Величко К. И., Добровлянский В. Я. Лопата // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Лопаты // Товарный словарь / И. А. Пугачёв (главный редактор). — М.: Государственное издательство торговой литературы, 1958. — Т. V. — Стб. 119—123 — 588 с.