Чулацаман тӀегӀо

Ань Лушань дуьхьалвалар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ань Лушанан гӀаттам
ТӀеман гӀуллакхан карта
Терахь 755 шеран 16 декабрь — 763 шеран 17 февраль
Меттиг Къилбаседа Цийчоь
ЖамӀ Правительствон эскарийн толам. Тан некъий гӀелбалар
МостагӀий

Янь (Аньши)

Тан импери
Уйгурийн каганат

БӀаьччаш

Ань Лушань
Ань Цинсюй
Ши Сымин
Ши Чаои

Сюань-цзун
Су-цзун
Дай-цзун
Моян-чур

Ань Лушань дуьхьалавалар, йа Ань Лушанан гӀаттам (安史之亂) — танан Цийчура гражданийн тӀом, кхаа императоран паччахьаллера 755 шеран 16 декабрера 763 шеран 17 февраль кхаччалц лаьттина буьрса тӀом, йуккъерачубӀешерийн муьран уггаре доккха Цийчоьнан чоьхьара, формалан мехкан марталла йуьсучу хьелашкара, герзашца долу дов. ГӀаттамо бина Тан имперехь лору таханлерачу историографехь (Цийчоьнан исторера йоккха пачхьалкх) къоьллин хиламаш кхиоран хаъал Ӏаткъам бина, цуьнца цхьаьна — йерриг малхбалеазин регионан историн а.

Арахьара политикин фон

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Тан муьрера согдихойн гурманчица (сань-цай) кхийра эмкалан сурт

Вайн эрин 700 шарахь, цийш а, шайн оьздангаллица церан гергара къаьмнаш а деха мохк боцуш, Тан некъийн Ӏедалан кӀелахь дара шуьйра лаьттанаш Йуккъерачу Азехь, цунна йукъахь дара ладаме дакъа Согдианин, ВорхӀхинан, Тариман майданан, кхин а мехкан.

Кхечу агӀора, 717—718 шерашкахь аьттонза Константинополна гуо латтор чаккхенца хедийра ОмейядгӀеран халипатан ресурсаш, тӀаккха хилира онда экономикин къоьлла, цуо йаьккхира ӀаббасгӀеран революци. ЖамӀехь 750 шарахь Доккха Заб эрк тӀера тӀом чекхбаьлча, 751 шарахь Таласан тӀом чекхбаьлча, 762 шарахь халифа Аль-Мансура керла коьрта шахьар БагӀдада йиллича, хийцира дуьненайукъара махлелоран некъийн система, Танан империн экономика малхбузехьа гӀертар сацийра, цуо экономика гӀелйира, белхан меттигаш дӀайехира, чоьхьара мухажиралла а йолийра.

ГӀаттаман кӀелдӀашхе

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Тан муьран Ӏад кхуьйсу бере

ГӀаттаман коьртехь лаьттара танан гӀуллакхератюрк йа согдийхо, Ань Лушань. Ша гӀуллакхехь хьалаваккхарна иза декхарийлахь вара тӀаьхье гуш воцу императоран хьехамча Ли Линьфуceen, иза кхоьруш вара цийн чинхойн агӀора йамартлонех, ткъа императоран гӀуллакхера йахьйолу кхин махкахо кхераме ца лорура. Оццу хенахь дозанан экар Ань Лушана а, кхечу баьччанаша а кховдорца вовшахтохара дукхаха берш кхертачарех.

Ань Лушанан эскарх лаьцна, иза хунну къоман шира толамхочуьнца Хо Цюйбинца дустуш, 751 шарахь ваккхийверца «Лела ваха Сийлахь-Боккха пен дуьхьа (киданаш тӀе)» байтахь йаздина сийлахь поэто Ду Фус:

« Тхо Ӏуьйрана арадевлира Лоянан кевнашкарчу лагерера,
ТӀаккха къайлаха боданехь тӀай тӀедевлира Хэянан.
Дешийца тегна байракхо цӀен зохьа серладаьккхира,
ТӀеман говрийн терсар гуобаьккхина мохо дӀадаьхьира.
Нийсачу гӀамарш тӀехь даьржира тхан четарш,
Тобанаш дӀахӀиттира, дагардар хезира.
Буьйсенан синтемо лардо тӀемлойн низам,
Стиглан йуккъера царна тӀаьхьа тидам бо бетто.
Сингаттаме аьзнашца масех зурмано садаьккхира,
Буьйсенан сийналле хьоьжуш, майрачу кӀенташа садаьккхира.
Нагахь хаттахь тӀемлошка — Хьан до шуна баьччалла?
Цара ала тарло — баьччалла до Хо Кюй-бина[1].
»

«Къилбаседехьара варвараш» безаш йоцучу Чанъанера танан паччахьан кертана, къилбаседан эскар цадашарца хьоьжура. Таласан тӀамехь иэша а эшна, Ли Линьфу веллачул тӀаьхьа дозанан гарнизонашкахь барт телхира. Ань Лушана пайда ийцира цунах император Сюань-цзун тешийра ханьхойн йукъара 36 лакхара эпсар дӀаваккха везарх а, уьш тешаме аренгахошца хийцабезарх а. Цуо йукъаозийначу хьехамчашна йукъахь бара тюркюташна тӀехь Ӏедал долу Ашина тайпан векалш а.

Чанъанан тӀелата бахар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Цю Ин. Император Сычуане вадар (XVI бӀешо)

755 шеран декабрехь Ань Лушань, оьгӀаз вахана паччахьан гуонахьара ЯнгӀеран тайпано лелочунна (церан векалш бара императоран наложница Ян-гуйфэй а, императоран хьехамча Ян Гочжунceen а), хьажийра шен эскар Хэбэй провинцера коьрта шахьара, Ӏалашо йара салташна цабеза паччахьан гуонахьарнаш бохор. Шайн хӀума дийр дац аьлла дош даьккхина, цуьнан агӀора бевлира дукхаха болу императоран меттигера чинхой. Цунна дуьхьала Ян Гочжуна, барам 60 а 110 эзар болуш, ши эскар дахийтирано, ший а эскар дохийра гӀовттамхоша. 756 шеран Ӏай уьш хӀаллакдарна вилхира Ду Фу:

« Бахара турпалхой лайн Ӏай
майралла гайта, эрна хилира,
ЦӀих церан хилира Ӏам чуьра хи,
Чэньтао Ӏам цӀен белира.
Генарчу стиглахь айсина кӀур бу,
ТӀеман аренахь дукха хенахь тийна ду,
Цийчоьнан шовзткъа эзар тӀемло
Кхелхира кхузахь, шайн синош дӀаделла[2].
»

Толамаша дог айина, Ань Лушана шира коьрта гӀала Лоян дӀалаьцначул тӀаьхьа сецира танан императоран цӀарца лела, ша кхайкхийра керла императоран Янь некъий. Сюань-цзун шен гуонца ведира Чанъанера, цуьнан гонахьара гӀарулаш а бунт гӀаттийра, цара дерриг зуламан бехке йора хаза йоӀ Ян-гуйфэй. Цуьнан са дукъдира йуткъа дарин тӀийригца, ткъа цуьнан шича Ян Гочжун ирх оьллира некъа тӀехь. Императоро Сюань-цзуна Ӏарш йитира шен кӀантана Су-цзунан, дӀалечкъира тӀекхача хала долчу Сычуань провинцера ламанан гӀап-гӀалахь.

ГӀовттамхошна дуьхьало йар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ГӀовттамхошна дуьхьалонан коьрте хӀоьттира Ӏаршан когаметтаверг, иза тӀетевжира империн малхбузера дозанехь лаьттачу эскаран. 756 шеран сентябрехь цуо шегахьа бехира малхбузен махкахь беха — тибетхой, хотанаш, уйгураш, Ӏаьрбой, кхин а малхбузера цянаш — хӀинцалера бирмахойн дай. Уйгурийн каганатца барт баран тешаллийна императоро Су-цзуна къобал дира уьш Танан империца цхьабосса хилар, уйгурийн паччахьан йоӀ а йигира паччахьо.

757 шеран январехь Ань Лушань вуьйжира шен цӀурин карах, амма иза валар эрна къайладаьккхира. Сентябрехь Цийчу даьржира кхечу махкара эскарш уйгурийн каганан «берзан» байракхаш кӀелахь. ГӀовттамхой хӀаллакбира императоран агӀончаша а, уйгураша Фыншуй эркан бердашца, церам иэшам багарбора эзарнашца. Чанъань, цхьана хенахь дуьненан уггаре дукха бахархой болу гӀала, оцу ханна йаьсса йара, дӀайелира империхошна а, уйгурашна а тӀом ца беш.

Историн маьӀна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Налогаш токхучеран официалан чоьтаца, гӀаттам хиллачу заманахь Цийчоьнан бахархойн барам охьабелира 36 миллионал[3], иза хуьлу налогаш токхучеран кхаа декъах ши дакъа, дуьненан берриг бахархойх йолхалгӀа дакъа, оцу хенахь дуьненахь халла 200 млн стаг кхочура[4]. Иштта, Дуьненан шолгӀа тӀом боцуш иза бара уггаре боккха тӀом бара, адамаш дайарца, адамаллин исторехь. Стивен Пинкера шен жайнахь «Вайн чуьра уггаре диканиг» и терхьаш даладо исторехь уггаре дукха цӀий Ӏанийна тӀом олий (Дуьненан бахархошна йукъара процентан йукъаметтигца), тӀаккха а билгалйоккху шен шеко.

Цу тӀе, иштта историкаша, масала, Чарльз Патрик Фицджеральда, шеконе хӀиттабо иштта болу иэшамаш[5]. Бахархойн коьрта масса кхелхина хила тарло синтем боцучу, аренахошна йиллина йолчу шен чохь шира коьрта ши гӀала Лоян а, Чанъань а йолчу, къилбаседа Цийчуьра, паргӀаточу къилбехьара латтанашка, уггаре хьалха Янцзы эркан дельте. ТӀаьхьара некъашна Цийчоьнна цигара урхалла дар гӀоле хетара. Цул сов, официалан статистикин мах хадош хаа деза, гӀаттаман заманахь императоран хазнин чу налогаш луш болу мехкаш дуккха а кӀазгбалар.

Согдийн махлелорхоша ладаме роль ловзайора гӀаттамал тӀаьхьарчу Цийчоьнан экономикехь, амма дукхаха болчеран дийзира, шеш муьлхачу къомах ду, лечкъо. Согдихо вара Ань Чунчжан, империн тӀеман министр, Лян сардал, цуо 756 шарахь дийхира императоре Су-цзуне шен цӀе хийцийта Ли Баоюйceen аьлла, цунна эхь хийтира шен фамилии гӀаттамхочун фамилех тера хиларна. И хийцамаш хилира ретрожигара цуьнан берриг доьзална, иштта цуьнан дайшна а совгӀатан йелира Ли фамили[6].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Гумилёв, 1999, перевод А. И. Гитовича.
  2. Гумилёв, 1999, гочдар А. И. Гитовичан.
  3. White, Matthew. An Lushan Revolt (756—763 CE). Selected Death Tolls for Wars, Massacres and Atrocities Before the 20th Century (инг.). Necrometrics (1999—2012). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 январь.
  4. International Programs. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 24 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 2 январехь
  5. Fitzgerald, Charles Patrick. China: A Short Cultural History(ингалс.). — Westview Press, 1985. — P. 314.
  6. Howard, Michael C. Transnationalism in Ancient and Medieval Societies, the Role of Cross Border Trade and Travel(ингалс.). — McFarland & Company, 2012. — P. 135. — ISBN 978-0-7864-6803-4.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Theobald, Ulrich. The Rebellion of An Lushan (инг.). ChinaKnowledge.org. An Encyclopaedia on Chinese History, Literature and Art (2017 шеран 30 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 январь.