Нобелин совгӀат
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |
Category:Nobel Prize Викилармехь |
Нобелин совгӀат (швед. Nobelpriset, инг. Nobel Prize) — дуьненахь уггара ларамечарах Ӏилманан талламех, революцин кхоьллинаргах, культуре йа йукъараллин кхиамане дилларах халкъашна юккъера совгӀат.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Альфред Нобель вина 1833 шаран 21 октябрехь Стокгольмехь (Швеци), инженерийн хӀусамехь[1]. Иза вара химик а, инженер а, кхоллархо а. 1894 шарахь Нобельс ийцира металлургически концерн Бофорс. Цунах Нобельс йира йоккха герз деш йолу завод. Шен дахарехь Нобельс шортта ахча деккхира. Оцу ахчанех доккха дакъа дара цо кхоллинаргчарех деккхинарг. Цуьнан кхоьллинаргех уггара евзуш ерг ю динамит[2][3].
1883 шарахь Россиехь велира Нобелин ваша Людвиг. Репортёрийн гӀалат бахьнехь газеташкахь яздинера велларг Альфред Нобель ву аьлла. Статьян цӀе яра «Валаран йохкархо велла». ТӀаккха Нобель ойла йира ша нахан муха цӀе йоккхуш дагавохур ву. И ойла йича цо шен весет хийцира[4]. 1896 шаран 10 декабрехь Альфред Нобель велира шен Сан-Ремохь йолу виллехь (Итали) хьенчу цӀий хьаьдда[5].
Альфред Нобельс 1895 шаран 27 ноябрехь хӀоттина весет кхайкхинера 1897 шаран январь баттахь[6][7]:
«Са берриг дӀасабакхалун а, дӀасацабакхалун а бахам бохка беза. Иштта деккхина ачха тешаме банкан чудилла деза. Оцу ахчанех баьлла пайда фондан долахь хила беза. Оцу фондас хӀора шарахь и ахча доькъур ду совгӀатийн кепехь дӀадагӀанчу шарахь адамаллан алсама пайда бинчу нахан… И ахча декъа деза пхеа декъан. И дакъош ду билгалдехна: цхьа дакъа — физикехь уггар лараме гучудаккхар йа кхоллинарг диначун; шозлугӀа — химехь уггар лараме гучудаккхар йа шардар диначун; кхозлугӀа — медицинехь йа физиологехь уггар лараме гучудаккхар диначун; деулгӀа — литературехь уггар лараме идеалистически агӀонан произведени кхоьллинчуна; пхеулгӀа — нехан барт чӀагӀбаран а, лолла дӀаяккхаран а, йа долуш долу эскарийн дукхалла жимъяран а, машаран конгрессаш хилитаран а уггар доккха гӀуллакх диначун… Суна къаьстина чӀогӀа лаьа совгӀаташ луш кандидатийн къам тидаме ца эцар…»
Дуьххьара дӀа оцу весетех дукха нах тешаш бацар. Нобелин дукха гергара нах бара и весет харц ду аьлла сацам бан беза бохуш. 1897 шаран 26 апрелехь иза Норвегин Стортингас чӀагӀдира[8]. Нобелин лаам кхочуш беш болу секретарь Рагнар Сульманс а, адвокат Рудольф Лилеквистс а кхоьллира Нобелин Фонд. И фонд яра совгӀаташ декъаран кечам бан безаш[9].
Нобелин машаран совгӀат даларан жоп луш хилира Норвегийн Нобелин комитет. Цуьнан декъашхой хӀоттабинера 1897 шаран апрелехь. Цхьа хан ялча кхидолу совгӀаташ доькъуш йолу организациш билгалъехира. 7 июнехь Каролински институт хилира медицинан а, физиологин а Нобелин совгӀат декъарна жоьпехь. 9 июнехь Швецийн академин елира бакъо литературин Нобелин совгӀат деккхинарг билгалваккха. 11 июнехь Швецин паччахьан Ӏилманийн академи хилира физикин а, химин а совгӀаташ доькъушъерг[10]. Ахча леладархьам а, Нобелин совгӀаташна кечам барна а 1900 шаран 29 июнехь кхоьллира Нобелин фонд[11].
Нобелин фондехь барт бинера совгӀаташ даларна коьрта принципашна. 1900 шарахь устав къобал йира Норвегин паччахьо Оскар II[12]. 1905 шарахь Швецин а, Норвегин а уни юхира. Оцу хенар дуьйна Норвегин Нобелин комитетас къаставо Нобелин машаран совгӀат догӀуш верг. Кхидолу совгӀаташ доькъуш ю Швецин организациш[8].
СовгӀатан бакъонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]СовгӀаташ луш йолу бакъонаш юцуш коьрта документом ю Нобелин фондан статут.
СовгӀат луш ду адамашна, организацишна и далар дихкина ду (машаран совгӀат доцург).
Цхьана цхьан йа шин белхан совгӀат дала йиш ю, амма совгӀат кхаьчна стаг кхаал сов хила йиш йац[13]. И бакъо 1968 шарахь бен йукъяккхина ца хиллехь а, иза даимна кхочуш яш яра[14]. Иштта меттахь ахча доькъа хьалха белхашан юккъехь, тӀаккха белхалойн юккъехь. Масала, шина тайп-тайпан гучудаккхаран совгӀат луш хенахь, царех цхьа гучудаккхар шиммо динехь, тӀаьххьарчун кхочу ахчан 1/4 дакъа. Нагахь санна цхаь гучудаккхар шиммо йа кхааммо динехь, ахча массарна а цхьатерра доькъу (1/2 йа 1/3 дакъа).
Нобелин совгӀат веллачул тӀехь яла йиш йац. Амма, и совгӀат даларан сацам беш хенахь кандидат дина хиллехь а, совгӀат далале иза веллехь а, совгӀат цунна догӀуш ду[13]. И бакъо хӀоттира 1974 шарахь. Цул хьалха совгӀат шозза делла кандидат веллачул тӀехь: 1931 шарахь Эрик Карлфельдтан а, 1961 шарахь Даг Хаммаршёльдан[15]. 2011 шарахь и бакъо йохира. Ральф Стейнманан делира физиологин а, медицинан а Нобелин совгӀат. Иза хиллера совгӀат даларан сацам беш хенахь нобелин комитет и дина лоруш хилара бахьнехь[16].
СовгӀат цхьанне а ца луш хила тарло, нагахь санна комитетан декъашхойн хьалхатеттина белхаш юккъехь цхьаа и совгӀат догӀуш болх ца каринехь. Иштта меттехь и ахча чохь сацадо керла шо кхаччалц[13].
Нобелин совгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нобель весетехь пхеа агӀонан бен ахча далар билгалдеккхина дац:
- Физика (луш ду 1901 шо дуьйна, Швецехь);
- Хими (луш ду 1901 шо дуьйна, Швецехь);
- Физиологи а, медицина а (луш ду 1901 шо дуьйна, Швецехь);
- Литература (луш ду 1901 шо дуьйна, Швецехь);
- Машар хӀоттабеш гӀодаран (луш ду 1901 шо дуьйна, Норвегехь);
Царел совнах, 1969 шо дуьйна Швецин банкан дӀадоладаранца хӀоттина Нобелин цӀарах экономикин совгӀат. Иза луш ю вукха совгӀатийн бакъонашца цхьатерра. ТӀаьхьо Нобелин фондан куьйгалхош сацам бинера кхи керла совгӀаташ йукъа ца даккха.
СовгӀатхо вист хила веза «Нобелин мемориалан лекцица». И лекци тӀехьа Нобелин фондас леррина арахецна йолу том чохь зорбан тӀе йоккху.
Нобелин совгӀатан барам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нобелин фонд кхоьллинера 1900 шарахь долахь йолу лааме пачхьалкхан йоцу организаци санна. Цуьнан хьалхара капитал яра 31,6 млн Швецин крона (таханлерачу мехашкахь иза ду 1,65 млрд крона), долларшка деккхича (2012 шаран августан курсаца) — 250 млн доллар гергга. СовгӀатхошна совгӀаташ лора деза кехаташ леладаран тӀекхетта проценташах.
Хьалхара совгӀаташ дара 150 000 крона (2009 шаран мехашца 7,87 млн крона). 2009 шарахь фондан капитал ю 3 млрд 112 млн Швецин крона (450 млн АЦШ $ гергга). СовгӀат ду 10 млн Швецин крона[17]. Иза ду 1,4 млн АЦШ $ гергга.
- 1992 шарахь — 1,04 млн АЦШ $
- 2000 шарахь — 0,9 млн АЦШ $
- 2003 шарахь — 1,34 млн АЦШ $
- 2004 шарахь — 1,46 млн АЦШ $
- 2005 шарахь — 1,25 млн АЦШ $
- 2006 шарахь — 1,45 млн АЦШ $
- 2007 шарахь — 1,56 млн АЦШ $
- 2008 шарахь — 1,25 млн АЦШ $
- 2009 шарахь — 1,45 млн АЦШ $
- 2010 шарахь — 1,5 млн АЦШ $[18]
- 2011 шарахь — 1,4 млн АЦШ $.
2012 шарахь Нобелин совгӀат жимделира 20 % — 1,1 млн доллар. И сацам бинера 2012 шарахь Нобелин фондан директорийн советан гуламехь. Фондан куьйгалхош ма-аллара, совгӀатан барам жимбар бахьнехь фондан йиш хира ю фондан капитал жим ца ялийта. Фондас схьадийцарехь, «капитал лело деза совгӀат йист йоцуш дала йиш хилита». «Нобелин фонд жоьпехь ю совгӀатан барам еха хенахь жим ца болуьйтург» — элира фондан директорс Ларс Хайкенстен. ТӀаьххьарачу заманехь капитал лелийча хуьлуш болу пайда ца тоьара совгӀатан ахчан дакъа даларан, церемони йича хуьлуш йолу харж меттахӀоттаян а, администраци латта ян а. Цундела ахча массо да деза гӀуллакхан тоита, совгӀатан барам жим дарал сов, кхиболу харжаш жима бийра бу аьлла[19].
СовгӀат даларан кеп
[бӀаьра нисйан | нисйан]СовгӀат далар
[бӀаьра нисйан | нисйан]СовгӀат далале хаьлха шортта болх бан беза. И болх беш ю дукха организациш деррига а дуьненахь. Октябрехь массо а совгӀатхо билгалвоккху а, кхайкхаво а. ТӀаьххьара совгӀатхойн харжам бо Швецин паччахьан Ӏилманийн академис а, Швецин академис а, Каролински институтан Нобелин ассамблейс а, Норвегин нобелин комитетас а. СовгӀат далар хуьлу хӀора шарахь 10 декабрехь, шина пачхьалкхан коьрта гӀаланашкахь — Швецин а, Норвегин а. Стокгольмехь физикин а, химин а, физиологин а, медицинан а, литературин а, экономикин а совгӀаташ ло Швецин паччахьо. Машар Ӏалашбаран совгӀат ло Норвегин нобелин комитетан председательс Ослохь, гӀалин ратушехь, уллехь Норвегин паччахь а, цуьнан доьзал а болуш. Ахча доцург, совгӀатхошна луш ю цера сурт тӀехь долуш мидал а, диплом а.
Хьалхара Нобелин банкет хилира 1901 шаран 10 декабрехь хьалхара совгӀат деллачу хенахь. Тахана банкет хуьлу гӀалин ратушан Сийна зал чохь. Банкете кхойкху 1300—1400 стаг. Кхайкхинчарна тӀехь фракаш а, суьйранна юхуш йолу кучамаш хила еза. Меню хӀоттош дакъа лоцу «Ратушан ор» чуьра кхачанхой (иза ю ратушан уллехь йолу ресторан) а, «Шеран кхачанхо» цӀе яккхина кулинараш а. Сентябрехь кхаа тайпан менюн чам боккху Нобелин комитетан декъашхош. Цара хоржа тӀаьххьара меню. Десертан луш даимна морожени хуьлу, амма иза схьаяллалц ца хаьа иза муьлха тайпан хира ю[20][21].
Нобелин банкетан лелош хуьлу леррина кхоьллина дизайн йолуш сервиз а, столтӀетосург а. ХӀора столтӀетосурган тӀехь сонехь диллина ду Нобелин сурт. ПхегӀаш куьйга йина ю: бошхепан йистехула Швецин ампиран кхаа беса сизнаш дехкина ду — сина а, баьццара а, деши а. Оцу бесашкахь куц дина бу хрусталин фужеран ког[20]. Банкетийн сервиз леррина яйтина ю 1,6 млн доллар делла Нобелин совгӀатийн 90 шо кхачаран 1991 шарахь. Цунна йукъахь ю 6750 бокал а, 9450 урс а, мӀара а, 9550 бошхап а, цхьа чашка а. ТӀаьххьараниг ю принцесса Лилианина йина. Цо кофе ца молу. Чашка ю леррина дина принцессин монограмма тӀехь йолу хаза гӀутакх чохь латтош. Оцу чашкан бошхап лачкъадина[22].
Стоьлаш нисйо математикин нийсонца. Зал кечйо Сан-Ремора деана 23 000 зезагца. Массо а официантан меттаххьер ду секундомерца нисдина. Масала, морожени чуяран нисса кхо минот лоца хьалхара официант гучувелар дуьйна тӀаьххьарниг шен метте дӀахӀотталц. Кхоьчу яахӀуман араяккхаран нисса ши минот оьшу[20].
10 декабрехь нисса 19 сахьт даьлча сийлахь хьеши коьртехь паччахь а, цуьнан зуда а болуш ламин тӀехула чубуьсса Сина залчу. Цигахь массо а кхайкхинарш Ӏаш хуьлу. Швецин паччахьас куьг лаьцна югу Нобелин совгӀат делла зуда. Иштта зуда йацахь, цо югу Нобелин совгӀатхон зуда. Хьалхара тост олу паччахьан сий деш, шозлугӀа — Альфред Нобель дагавоуьтуш[20]. ТӀаккха менюн къайле гучуйоккху. Меню язъяш хуьлу кегий йозанца хӀора меттахь йолу карточканаш тӀехь. Оцу карточкаш тӀехь хуьлу Альфред Нобелин сурт дашон дагарца[21]. Яа хӀума юуш эшараш лоькхуш хуьлу — кхойкхуш хуьлу гӀарбевла музыканташ. Царна йукъахь бара Мстислав Леопольдович Ростропович а, Магнус Линдгрен а (2003 шарахь)[20].
Банкет чекхйолу тӀехь «N» элпан кепехь монограмма-вензель а йолуш морожни араяккхарца. 22 сахьт 15 минот ялча паччахьо хаам бо хелхараш дӀадоларан ратушан Дашо залчохь. 1 сахьт 30 минот ялча хьеший дӀасакъеста.
1901 шо дуьйна менюхь хилла кхачанашна заказ яло Стокгольман ратушан ресто��анехь. Иштта делкъанан кхачан мах бу 200 доллар ца кхочуш. ХӀора шарахь цера заказ йо 20 эзар стагас. Массарелла а гӀаръялла хӀора шарахь хуьлу тӀаьххьара нобелин банкетан меню.
Нобелин концерт
[бӀаьра нисйан | нисйан]Но́белин конце́рт — иза ду Нобелин совгӀат даларан кхаа декъах цхьаъ. Важа шиъ ду совгӀаташ далар а, нобелин банкет а. Иза лоруш ю музыкин шеран Европехь коьртачарехь а, Скандинавин коьрта а музыкин хилларг. Оцу концертехь дакъа лоцу массарелла а бевзуш болу таханлера классикан музыканташ. Ма-дарра аьлча, Нобелин концерт шиъ ю: цхьаъ хуьлу хӀора шарахь Стокгольмехь 8 декабрехь, шозлугӀа — Ослохь машаран Нобелин совгӀат лучу хенахь.
Нобелин совгӀатан эквиваленташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏилманан дукха агӀонаш йисина Нобелин совгӀатан тергам ца хьакхалуш. Нобелин совгӀатан довзаран а, сийлаллийн а, кхочу Ӏилманийн силахь лоруш долу совгӀатех «Нобелин» совгӀаташ олу.
Математика а, информатика а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьара Нобельс математика йукъаяхийтир совгӀаташ луш долу Ӏилманийн йукъа. Амма тӀехьа цо иза йукъара дӀаяккхира, цуьнан метте машаран совгӀат яздеш. Бахаьан билгал хууш дац. Оцу хӀуман бахьанаш дуьцуш дукха хӀумнаш ду, амма уьш чӀагӀдеш факташ къезга ю[23].
Дукха хьолехь оцуьна баьхке во цу хенахь хилла Швецин тоьлла математик Магнус Гёста Миттаг-Леффлер[24]. Иза Нобелин цхьан хӀуманна ца везна бах. Оцу бахьанашна юккъехь дуьйцу математик Нобелин нускалан тӀехьийзар а, цо Стокгольман институтан ахча тӀехь чӀогӀа дехар а. Цу хенахь Швецин коьрта математик хилар бахьнехь, Миттаг-Леффлер вара Нобелин совгӀатан коьрта кандидат.
Кхиъ цхьа хӀума ду дуьйцуш: Нобелин нускал Анна Дезри маре яхара Франц Лемаржега. Франц вара дипломатан кӀант. Иза цу хенахь математик хила гӀертара[25].
Нобелин фондан кхочушдаран комитетан директорас ма-алара: «архивашкахь оцунах лаьцна цхьа дош дац. Схаьхетарехь, Нобелин математикица бала ца хилла. Цо шен ахча дитна шен хуучу агӀонашна»[26]. Цундела и массо а дийцараш дийцараш бен дац.
Математикехь Нобелин совгӀатан «эквивалент» ю Филдсан совгӀат а, Абелин совгӀат а, информатикехь — Тьюринган совгӀат.
Экономика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Экономикин Нобелин совгӀат олу экономикин Ӏилманийн Швецин Банкан совгӀатех. И совгӀат хӀоттира Швецин Банкас 1969 шарахь. Вукха Нобелин совгӀатех башха, оцу совгӀатан ахча Швецин Банкас ло. Цундела и совгӀат Нобелин совгӀат ларар нийса дац. Экономикин Нобелин совгӀат кхайкхаво 12 октябрехь. Массо а совгӀат даларан церемони хуьлу Стокгольмехь 10 декабрехь.
Исбаьхьалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀора шарахь Японин принц Хитачи, сийлахь Японин исбаьхьаллин ассоциацин доладийриг, ло пхиъ «Императоран совгӀат». Цара меттахӀоттайо Нобелин совгӀатан номинацишкахь йукъара кхачамбацар. СовгӀатан луш ю леррина кхоьллина медалаш а, дипломаш а, ахчан совгӀаташ а пхеа исбаьхьаллин тайпанехь: суьрташ дахкар а, скульптура а, архитектура а, музыка а, театр йа кино а. Луш долу ачхан совгӀат ду 15 млн йен. Иза нислуш ду 195 эзар доллар.
СовгӀатан критика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Весетца нийса ца хилар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нобелин весетца, совгӀат дала деза цхьа шо хьалха дина гучудаккхарна а, кхоьллинаргана а, кхиамашна а. Иза кхочуш деш дац. Масала, Жорес Алфёровна цо 1970-гӀа шерашкахь дина гучудаккхарна совгӀат 30 шо сов хан ялча делира.
Ӏаламан Ӏилманийн совгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цхьаболу Ӏилманчаш бина балхан нахан мах хаале леш ву. Иштта совгӀаташ цхьана Ӏилманийн школашна даларна Ӏедал гучуделла.
Гуманитарни совгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литературин совгӀаташ яларан бахьанаш кхайкхина барамашца йогӀуш ца хилар дуьйцуш ду XX бӀешо доладелча дуьйна[27].
Масийттуза совгӀат далар
[бӀаьра нисйан | нисйан]СовгӀаташ (машаран совгӀаташ доцург) цхьа бен дала йиш йац. Амма цхьаболчу нахан шозза делира уьш:
- Склодовская-Кюри, Мария — физикин а (1903 шарахь), химин а (1911 шарахь).
- Лайнус Полинг — химин а (1954 шарахь), машаран а (1962 шарахь).
- Джон Бардин — физикин (1956 а, 1972 а шерашкахь).
- Фредерик Сенгер — химин (1958 а, 1980 а шерашкахь).
Организациш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Халкъашна юккъера ЦӀен ЖӀарин а, ЦӀен Беттасан а боламан кхузза дела машаран совгӀат — 1917 а, 1944 а, 1963 а шерашкахь.
- Боьвдарчер гӀуллкахийн ООН лакхара комиссаран урхаллин шозза делла машаран совгӀат — 1954 а, 1981 а шерашкахь.
Нобелин совгӀат исбаьхьаллехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 2008 шаран 13 сентябрехь Днепропетровскан экономикин а, бакъонан университетехь хьайиллира мемориалан билгало[28]Планета Альфреда Нобеля. Билгало ю мокхазан монумент. Цунна тӀехь ду дуьне латтош долу куьг. Гонах бу тӀемаялла зудчуна тӀеха хьийзаш йолу юх. Иза ю Ӏилманийн а, хьекъалан а малик. Дуьненан тӀехь ю 802 Нобелин совгӀатхон барельефаш. И барельефаш йина тӀеман стратегически ракеташ утилизаци яш беккхина лаламех[29].
- 2012 шарахь араелира Швецин режиссёран Петер Флинтан фильм «Нобелин тӀаьххьара весет» (инг. Nobels testamente). Цуьнан чулацам бу Нобелин совгӀат луш хенахь стаг вер гонах хьийзаш.
Шнобелин совгӀат
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шно́белин совгӀат, Игнобелин совгӀат, Антинобелин совгӀат (инг. Ig Nobel Prize) — Нобелин совгӀатан пароди. Итт Шнобелин совгӀат ло октябрь болалучу хенахь, боккъула Нобелин совгӀатхой кхайкхош хенахь, — цкъа хьалха велавеш, тӀаккха ойла йойтуш кхиамашна (first make people laugh, and then make them think). СовгӀат кхоьллина Марк Абрахамсас а, «Хила йиш йоцу талламийн анналаш» цӀе йолу беламе журналас а.
Нобелин совгӀаташ делла нах
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Склодовская-Кюри, Мария — физика, химия
- Эйнштейн, Альберт — физика
- Ферми, Энрико — физика
- Резерфорд, Эрнест — химия
- Шрёдингер, Эрвин — физика
- Мандела, Нельсон — машаран совгӀат
- Сартр, Жан-Поль — литература
- Планк, Макс — физика
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Levinovitz, Agneta Wallin. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 2001. — P. 5. - ↑ Levinovitz, Agneta Wallin. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 2001. — P. 11. - ↑ Кеп:ВТ-НЭС
- ↑ Golden, Frederic (16 October 2000). "The Worst And The Brightest". Time magazine. Time Warner. ТӀекхачаран де: 2010 ш. 09 апрелехь. Архивйина 2007-11-03 — Wayback Machine
- ↑ Sohlman, Ragnar. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 1983. — P. 13. - ↑ Журнал «Компьюарт». Календарь знаменательных дат. Николай Дубина
- ↑ От динамита до «Виагры» . Коммерсантъ. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 28 июнь. Архивйина 2012 шеран 9 августехь
- ↑ 1 2 Levinovitz, Agneta Wallin. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 2001. — P. 13–25. - ↑ Abrams, Irwin. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 2001. — P. 7–8. - ↑ Crawford, Elizabeth T. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 1984. — P. 1. - ↑ Levinovitz, Agneta Wallin. Ошибка: не задан параметр
|заглавие=
в шаблоне {{публикация}}. — 2001. — P. 14. - ↑ Agence France-Presse Alfred Nobel's last will and testament . The Local (2009 шеран 5 октябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 11 июнь. Архивйина 2012 шеран 9 августехь
- ↑ 1 2 3 Statutes of the Nobel Foundation . Нобелевский фонд. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 2 октябрь. Архивйина 2012 шеран 26 октябрехь
- ↑ What the Nobel Laureates Receive . Нобелевский фонд. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 2 октябрь. Архивйина 2012 шеран 26 октябрехь
- ↑ Nomination FAQ . Нобелевский фонд. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 2 октябрь. Архивйина 2012 шеран 26 октябрехь
- ↑ "Канадский ученый станет лауреатом Нобелевской премии посмертно". Lenta.ru. 2011-10-03. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 05 апрелехь.
- ↑ Денежный эквивалент Нобелевской премии. Справка
- ↑ Динамика кросс-курса Шведской кроны к Доллару США. Справка Архивйина 2010-12-29 — Wayback Machine
- ↑ [ИТАР-ТАСС 12 июня 2012. Размер Нобелевской премии уменьшился… http://www.itar-tass.com/c17/444471.html]
- ↑ 1 2 3 4 5 Кулинарная энциклопедия КМ Архивйина 2009-02-21 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Нобелевская премия. — Захаров; Москва. — 2007. — С. Глава 1.
- ↑ Мир русских гостиниц Архивйина 2009-02-21 — Wayback Machine
- ↑ Свен Ортоли, Никола Витковски. Любимая женщина Альфреда Нобеля // Ванна Архимеда: Краткая мифология науки. — Москва: Колибри, 2007. — ISBN 978-5-98720-046-9.
- ↑ Математика: 85 лет без Нобелевских премий . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 7 март. Архивйина 2012 шеран 4 июлехь
- ↑ История Нобелевской премии . Российская Газета. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 7 март.
- ↑ Страсти по Нобелю: "РГ" побывала в штаб-квартире Нобелевского фонда . Российская Газета. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 7 март.
- ↑ Нобелевский миф
- ↑ Знак Альфред Нобелин планета Архивйина 2012-01-04 — Wayback Machine
- ↑ Памятник нобелевским лауреатам «Планета Альфреда Нобеля» Архивйина 2014-10-28 — Wayback Machine
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Официальный сайт (ингалс.)
- Наука и техника: Нобелевские лауреаты Архивйина 2015-05-30 — Wayback Machine
- Лауреаты нобелевской премии Архивйина 2022-03-14 — Wayback Machine
- Российские нобелевские лауреаты Архивйина 2014-04-20 — Wayback Machine
- American Nobel Prize Winners 1901—2004
- Нобелевские лауреаты из Японии
- Нобелевские лауреаты из Израиля Архивйина 2013-05-21 — Wayback Machine