Роберто Фирмино
| ||||||||||||||||||||||
Йукъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||
Йуьззина цӀе | Роберто Фирмино Барбоза де Оливейра | |||||||||||||||||||||
Харц цӀе | Бобби | |||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1991 шеран 2 октябрь[1][2] (33 шо) | |||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Масейо, Бразили | |||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||
Локхалла | 181 см | |||||||||||||||||||||
Йозалла | 76 кг | |||||||||||||||||||||
Позици | тӀелатархо, атакующий полузащитник | |||||||||||||||||||||
Информаци клубехь | ||||||||||||||||||||||
Клуб | Аль-Ахли | |||||||||||||||||||||
Лоьмар | 9 | |||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Робе́рто Фирми́но Барбо́за де Оливе́йра (порт. Roberto Firmino Barbosa de Oliveira; 1991 2 октябрь, Масейо, Бразили) — бразилин футболист, «Ливерпуль» клубан а, Бразилин гулйина командин а тӀелета ахтурсло, тӀелатархо.
Карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Клубан
[бӀаьра нисйан | нисйан]Фирмино ловза волавелла Томбенсе клубехь гӀортолан ахтурслочун позицехь, цигара 2010 шарахь дехьавелира «Фигейренсе» клубе. 2010 шарахь левзира 36 матч, чутуьйхира 8 гол. Шен дика ловзарца тӀе тидам бахийтира «Хоффенхайман».
«Хоффенхайм»
[бӀаьра нисйан | нисйан]2011 шеран январехь Фирминос контракт йаздира «Хоффенхаймца» 2015 шо кхаччалц, трансферан мах хилира 4 млн евро[3]. Немцойн клубехь Фирминон дебют хилира 26 февралехь 24-гӀа туран цӀерачу къовсамехь «Майнцан» дуьхьала, иза чекхйаьлира иэшамца 1:2 чот йолуш. Бразилхо аренан тӀе велира 75-гӀа минотехь, Руди Себастьян хийцина[4]. Ткъа шен хьалхара гол цуо туьйхира 30-гӀа турехь «Айнтрахтан» кевнашна чу[5]. И гол оцу къовсамехь цхьаъ бен ца хилира, цундела толам баьккхира. 2010/2011 шарахь Фирмино левзира 11 матчехь, буьрка тохарца кхузза билгала а велира.
2011/2012 шеран йуьхьиг цуьнан чӀогӀа дика нисйелира. 17 сентябрехь 6 туран матчехь дубль йира «Вольфсбурган» кевнашна чу. Иштта, тӀаьхьарчу 3 матчехь 4 гол туьйхира.
«Ливерпуль»
[бӀаьра нисйан | нисйан]2015 шеран 24 июнехь кхайкхам бира футболист «Ливерпуль» клубе дехьаваларх. Трансферан мах хилира 29 млн фунт, иза хилира клубан шолгӀа боккха иэцам Кэрролл Эндил тӀаьхьа. 2015 шеран 21 ноябрехь туьйхира хьалхара гол «ливерпулхошна» йукъахь Манчестер Ситин кевнашна. 2016/2017 шарахь левзира 35 матчехь, туьйхира 11 буьрка. Вертонген Янца Ӏоттавелла цуьнан бӀаьрг лазийра.
Къоман командехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бразилин гулйина командин йукъахь дебют хилира 2014 шеран 12 ноябрехь доттагӀаллин матчехь Туркойчоьнан дуьхьала (4:0)[6]. Мехкан коьрта командин йукъахь шен хьалхара гол туьйхира 2014 шеран 18 ноябрехь доттагӀаллин матчехь Австрин гулйина командин дуьхьала ловзуш (2:1)[7]
2019 шеран аьхка Роберто кхайкхина гулйина команде Америкин кедехь ловза, иза Бразилехь хилира. Тобанера кхоалгӀачу матчехь Перун дуьхьала, 18-гӀа минутехь билгалвелира голаца, ткъа Бразилин гулйина команда туьйлира — 5:0. Ахфиналан матчехь Аргентинин дуьхьала 71-гӀа минотехь билгалвелира голца, хӀоттийра чаккхенан чот 2:0.
Статистика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Клубан статистика
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 2020 шарахь 23 январехь хьолан
Ловзар | Лига | Кедаш[8] | Еврокедаш | Кхин йерш[9] | ЖамӀ | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Клуб | Лига | Шо | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш |
Фигейренсе | A сери | 2009 | 2 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | ? | ? |
2010 | 36 | 8 | 0 | 0 | 0 | 0 | 15 | 4 | ? | ? | ||
Йерриг | 38 | 8 | 0 | 0 | 0 | 0 | 15 | 4 | ? | ? | ||
Хоффенхайм | Бундеслига | 2010/11 | 11 | 3 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | ? | ? |
2011/12 | 30 | 7 | 3 | 0 | 0 | 0 | 0 | 0 | ? | ? | ||
2012/13 | 33 | 5 | 1 | 0 | 0 | 0 | 2 | 2 | ? | ? | ||
2013/14 | 33 | 16 | 4 | 6 | 0 | 0 | 0 | 0 | ? | ? | ||
2014/15 | 33 | 7 | 3 | 3 | 0 | 0 | 0 | 0 | ? | ? | ||
Йерриг | 140 | 38 | 11 | 9 | 0 | 0 | 2 | 2 | ? | ? | ||
Ливерпуль | Премьер-лига | 2015/16 | 31 | 10 | 5 | 0 | 13 | 1 | 0 | 0 | ? | ? |
2016/17 | 35 | 11 | 6 | 1 | 0 | 0 | 0 | 0 | ? | ? | ||
2017/18 | 37 | 15 | 2 | 1 | 15 | 11 | 0 | 0 | ? | ? | ||
2018/19 | 34 | 12 | 2 | 0 | 11 | 4 | 0 | 0 | ? | ? | ||
2019/20 | 23 | 8 | 2 | 0 | 6 | 0 | 3 | 2 | ? | ? | ||
Йерриг | 160 | 56 | 17 | 2 | 45 | 16 | 3 | 2 | ? | ? | ||
Йерриг карьерехь | 338 | 102 | 28 | 11 | 45 | 16 | 20 | 8 | ? | ? |
Кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Командин
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ингалсан чемпион: 2019/20
- УЕФА Чемпионийн лигин толамхо: 2018/19
- УЕФА Суперкад баьккхинарг: 2019
- Футболех ловзаран клубийн дуьненан чемпионат толамхо: 2019
- Йерриг: 4 хӀонс
- Америкин кад баьккхинарг: 2019
- Йерриг: 1 хӀонс
- Йерриг карьерехь: 5 хӀонс
Долара
[бӀаьра нисйан | нисйан]- УЕФА Чемпионийн лигин символан гулйина команда: 2017/18
- «Дешин самба» совгӀат даьккхинарг: 2018
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Roberto Firmino // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
- ↑ Roberto Firmino Barbosa de Oliveira // As (исп.) — Madrid: PRISA, 1967. — ISSN 1888-6671
- ↑ Firmino soll Carlos Eduardo vergessen machen (нем.). Киккер. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 24 августехь
- ↑ Spielstatistik 1899 Hoffenheim - 1. FSV Mainz 05 (нем.). fussballdaten.de. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 24 августехь
- ↑ Spielbericht 1899 Hoffenheim - Eintracht Frankfurt (нем.). fussballdaten.de. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 24 августехь
- ↑ Роберто Фирмино: Выйти на поле в майке сборной Бразилии — это настоящий сюрреализм(оьр.)
- ↑ Austria 1-2 Brazil: Roberto Firmino strikes late winner(ингалс.)
- ↑ «Кедаш» могӀан йукъахь ду къоман кедашна, лигин кедашна, суперкедашна йукъара ловзарш а, голаш а.
- ↑ Кхин официалан матчаш
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Профиль на официальном сайте ФК «Ливерпуль»(ингалс.)
- Профиль футболиста (нем.). Weltfussball.de. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 15 майхь
- Статистика Роберто Фирмино на Topforward