Чулацаман тӀегӀо

Арсаханов Исраил

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Арсаханов, Исраил Абдулгамидович тӀера хьажжина кхуза)
Арсаханов Исраил
Арсаханов Исраил
Арсаханов Исраил
Вина терахь 1916 шеран 16 декабрь({{padleft:1916|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг Бони-Эвла, Хаси-Эвлан гуо, Теркан область, Российн импери
Кхелхина терахь 1989 шеран 25 октябрь({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа филолог
Ӏилманан кхоче филологин Ӏилманийн доктор, профессор
Белхан меттиг
Альма-матер
Ӏилманан дарж доктор филологических наук
Ӏилманан цӀе профессор
Воьвзу сана Ӏилманча

Арсаханов Исраил Ӏабдул-Хьамидан воӀ (1916 шеран 16 декабрь, Бони-Эвла, Хаси-Эвлан гуо, Теркан область, Российн импери1989 шеран 25 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) — филологин Ӏилманийн доктор, профессор[1]. РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо[1]. Исраилан де цӀе йара Ӏабдулгамид[2].

Вина 1916 шеран 16 декабрехь Теркан областан (хӀинца ДегӀаста), Хаси-Эвлан гуонахь[1]. Дешна Шури-ГӀаларчу хьехархойн училищехь, Ленинградерчу университетан филологин факультетехь[1]. 1959-чу шарахь дуьйна белхаш бо Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а (тӀаьхьо — университет). Еххачу хенахь оцу институтан нохч-гӀалгӀайн филологин кафедрин куьйгаллехь лаьтта[1].

Ӏилманан дуккха а белхийн автор ву профессор И.Арсаханов. Царах коьрта лара догӀу: Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959; ХӀинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Известия ЧИНИИИЯЛ» Т. 5, Грозный 1964; Чечено-аварские языковые встречи. Тезисы докладов. Махачкала, 1965; Чеченская ��иалектология. Грозный, 1969. Ӏилманан белхан лаккхара мах хадош, Арсаханов Исраилна совгӀат динера «РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо» сийлаллин цӀе йаларца[1].

Ӏилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь[1].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]